Харжамех ца теша нах

Нохчийчоь - Нах харжаме кхойкхуш дIатоьхна кхайкхам, 30Njd2013

РогIерчу меттигийн харжамашна кечлуш ду Нохчийчоьнан кIоштийн цхьа дакъа. Оцу демократин кеп ларалучу боламо къомана кхачош яц цхьа а маршонаш я гIоленаш, аьлла хета дукхаъчу бахархошна.

Мехкан коьртачу харжаман комиссино гIардаккхарца тIебогIучу беттан I4 –чу дийнахь Нохчийчохь 6 муниципалана кIошташкахь харжамаш бу дIабахьа безаш, меттигера органы самоуправлени олу урхалла хоржуш. Официалан чIагIдарца ярташкахь депутаташ хила лаам болчара шайн кехаташ чудалар дIадирзина чекхбаьллачу беттан 30 –чу дийнахь. Соьлжа-гIалин, Гуьмс, Курчалойн, Теркйист, Новр, Шелан – цу ялх кIоштийн 18 ярташкахь дIахьучу харжамашкахь 227 мандат къовсуш 384 кандидат ву боху Iедалан хьостано.

Царех 243 «Оьрсийчоьнан цхьаалла» партин векалш бу, ткъа 93 кандидат «Справедливая Росси. 47 –мо шаьш хьалха теттина, дийцарехь, шайн кандидатураш.

Хинболчу харжамашца доьзна Гуьмсан кIоштехь дIахьуш ю, бахархошца дагадовларан кепехь, шатайпа референдум а. »Реза дуй шу, «Керла Беной» юрт юкъа а лоцуш, цхьаццанхьа дозанаш а хуьйцуш, Гуьмсех республикан маьIнех гIала ярна?» И хаттар ду харжамхой кхеле дуьллуш. Кхузахь ала догIу цу кепара бахархойх дагадийлар, царна хIун хета, хIун ца хета, уьш стенна реза бу я бац аьлла, Iедалехь болчара нахе церан лаам бовза хеттарш дар Нохчийчохь кхин хилча ца маггал тамаше хIума хилар.

Дукхахболчу бахархошна хууш дац тIебогIурш хIун харжамаш бу а, депутаташ хила Iалашо лаьцнарш муьлш бу а. Цхьаболчарна-ма уьш хаьржича а, ца хаьржича а хийцалур долуш кIадда а ду аьлла а ца хета. Стенна аьлча боху цара, уьш цхьа сацам бан охIла а болуш, церан карахь чамхалг а яц. Цара нисдеш хIума цахиларх масал а далош дийцира Новр кIоштерчу Ризвана.

Ризван: « Ахьа аьлчи хии-кх суна и харажамаш хир буй. Уьш оьшуш бу аьлла суна-м ца хета. Стенна ца хетий дера ца хета церан карахь цхьа хIума доцу дела. Кху деношкахь юртдена тIевахча а хиъна суна цо а.я цу депутаташа а новкъа доккхур долуш хIумма а доций. Ас Iедалера бакъо а яьккхина,токхамаш а бина, цIеношна бух боьттина. ХIинца цу чу латта а доьхкина, и фундамент хьалаюза суна 35-40 эзар ахча деза. Сан алапа I7-I8 эзар ду суна и мичара дала деза? Ас и аьлчи юртдас и хьан проблема ю бах соьга.

Тхуна юххехь гравий йоккхуш карьер яра чохь хи а долуш. Кхушара дуьххьала цу чуьра хи деда, дац-кх, дIадаьлла. Ас юртдега боху бежнашна хи а хир дара, некъана езахь а, кхечу гIуллакхна езахь а юьртахошка ахь цу чуьра латта а, гравий а дIакхехьийтича нахана гIуллакх а хир дара, бежнашна хи а хир дара. Аьттехьа а ца дита. Цхьа ведар латта-гIум яккхийтахь а шаьш дойур ду аьлла бах. Кадыров указ ду боху. Ишта хьийзош бу-кх нах… И депутаташ оьшу аьлла ца хетта суна. Хила беза, кхечу пачхьалкхашкахь а бу бохуш лела хир бу-кх»

ТIебогIучу баттахь хинболчу харжамех а, цигахь хила тарлучу жамIех а дийцина Новр кIоштера Ризванна хетарехь, халкъан лаам юьхьар а лаьцна, юьртахошна хIара а, хIара а лаьа, царна хIара а, иза а нийса ца хета аьлла, нисо толийта хьалхавала хIуттур волуш вац карарчу хенахь цхьа а депутат а, я юртда а. Цундела боху цо тахана дуккха а санехь ду ян а ца еш и тайпа политикан кампанеш юкъахйитар.