Кадыровс, халкъан багара а дохуш, кхийдадо хийрачу нахана сагIанаш

Оьрсийчоь --Донецкера Ростов кхаьчна, кхидIа шех хиндерг лардеш Iа тIамах едда зуда, 6Мар2014.

Цхьанне къайле яц Нохчийчоьнан дахар кху тIаьхьарчу 7-8 шарчохь дикачу агIор вуно чIогIа хийцаделла хилар: денбина, дийна цхьа меттиг юй те аьлла, хьакълагIашгахь Iиллина мохк, кху сохьта а хьалаоьхуш ю куьце гIишлош, тохкуш ду тIайш, дохкуш ду некъаш, бутт-батте мел болу а бохург санна, толуш ду дахаран хьелаш. Халкъа дуьхьа къахьоьгучу Iедало, махкахь кхоьллина ирс-токхо дуьненна а дIагойтуш, кхузахь кест-кеста дIахьо тайп-тайпана гулам-цхьаьнакхетарш, Iилманан конференцеш, фестивалаш, спортан къийсадаларш, кхитайпа ловзар-синкъерамаш, даздарш-хашленаш.

Иза цхьа шатайпа, оьшуш хIума доцчу, дахаро хьаьстинчу, таро йолчу нехан, туьйранахь санна кхиъначу, даладеллачу дахаран билгалонаш ю. Цуьнца дозуш, цу тоьллачу дахарца хьакхалуш, элуш хIума дан а дуй те аьлла а хеталуш, гIийла ног етташ, дIадоьдуш ду кхузахь, декъаза лол бетташ бохкучу, эшам хиллачу нехан дахар а.

Цара, хала а атта а хене бовлуш болчара, хьулам бан ца гIерташ, вуно чIогIа цец а буьйлуш, тIеэцна Кадыровн воккхачуьнан цIарахчу юкъараллин фондо Украине 7.5 миллион доллар ахча хьажо бина сацам. Цара иза вонна а, диканна а кхета ца до цхьа дозаллина, «дуьне цецдаккха» яьккхина гIулч санна бен.

Шен цIе йоккхийла ца лиъна, цхьана кIоштан администарацехь юккъерчу тIегIан хьаькам волу Iедалан белхо ву хIара къамел динарг. «Кхунах хIун хуьлуш ду суна ца хаьа. Хи доцуш, газ йоцуш ярташ ю. БIеннашкахь хилла ца Iа мисканаш. Эзарнашкахь бу болх-некъ боцурш. Цу тIе бахархошка шайн хьашт-дезарш листийта йоккхуьйтуш яц гIум-латта а, тIулг-жагIа а.

И ерриге а цаьрга оьцуьйтуш ю. Хьо мел дикачу балхана араваьллехь а, масала хи далийта гIум я латта а доккхуш, хьо ахка волавеллехь а, 5 эзар гIуда туху.Iедало пурба делча бен бел дIа а ца Iуттуьйтуш, шайн мехаш а хIиттина, цхьаннан кара дIаделла ду и гIуллакх.

Муьлххачу кIоштехь а маьрша долчу хIуманна кхузахь,нехан лаг къийлар чIагIдан санна, зил-дозанаш детта, Советан Iедал долуш а хилла доцчу,мел пайдабоцчу хIуманна токхамаш бойту. Ткъа шаьш ,хьажахь, оьрсийн соьме даьккхича 300 миллион сом сов ахча дIахьажош ду кхечу пачхьалкхана гIоьнна. Бегашена хIумнаш дац кхара кху чохь лелош дерг»… Ишта къамел дира шен цIе йоккхийла ца лиъначу цхьана Iедалан белхочо.

Оццул дукха ахча Украине хьажорах шена а, нахана а хетарг довзуьйтуш вистхилира Щелковск кIоштера 55 шо долу Сулим цIе йолу вахархо а.

Украине хьажо цIе тоьхна,7.5 миллион доллар ахча а хьахош, хьо хьаьнцца къамеле ваьлча гучудолу юьхьанца ахь дуьйцург бакъ ца хеташ, цара цхьа сонта.челакха забар санна туьдуш хилар а, цул тIаьхьа и дан маггане а мегар цахиларх хьо тешо лаамца, цара хьуна иттаннаш тоьшаллаш охьадагардеш хилар а. Цара тIех дика кхетадора и шайн аьллар-лаамехь цахилар а, цу декъехь шайга хоьттуш хIума цахилар а.