Вуьззина нохчо вара Дудаев Муса

Нохчийн театран а, кинон а актер, яздархо Дудаев Муса

Нохчийчоьно лаьтте верзий ша лоруш, шена везаш хилла театран, кинон актер, яздархо, дахаран муьлххачу хьовзамашкахь а, диканехь а халкъана хезаш, шен къомах дог лозуш хилла шен воI Дудаев Муса...

Даиманна а дагалецамехь дисна масех бутт хьалха Дудаев Мусас Соьлжа-гIалахь «Кунаки» ресторанехь, доттагIаллин цхьаьнакхетарехь, дина хьасартне къамел. Цо цхьа мокхазах боккху суй санна, хIора дош къагош, кхалош, маьIница даздеш, шовкъе дийцира Къилбаседа къаьмнийн доттагIаллех, бIеннаш шерашкахь ларьеш, цара кху замане схьаеъначу уьйр-марзонех, церан къонахаллин юкъаметтигех.

ЛадогIархоша, нохчий боцуш, гIебартойн-балкхарийн, суьйлийн, хирийн, гIалгIайн, гIалгIазкхийн, ногIийн мехкашкара баьхкинчу векалша кхетамца, даггара тIараш детташ, тIеийцира Мусас дина чулацаме къамел. Ишта дар-кх и хьуьнаре, похIма долу адам – байтанча-Iилманчо Яралиев Юсупа ма –аллара, вайнехан синмехаллаш, гIиллакх-Iадаташ, нохчалла бохучу кхетаман тIегIа лах ца далийта гIерташ чекхваьлла дешан говзанча, актер, гочдархо Дудаев Муса.

Дудаев Мусах могIарера стаг - адам санна, бендацарийн йийсарехь ца Iаш, гуттар лехамехь ваьллинчу говзанчех санна, цунах синхазалла йолуш хиллачу къонахчух санна дуьйцуш ву Яралиев Юсуп. Ткъа къамел цо долийра Муса адамашца хьасане, ийна, кIеда-мерза хилар билгалдаккха санна, Дагаев Валидан кест-кеста дало масал а далош.

Яралиев: «Со ирс долуш стаг ву бах цо, со везарг, соьца гергарло дезарг, со лоруш верг, саца а соций, вистхуьлий ша вуй хоийта бах, ткъа ша цавезарг шена ган а ца го,вист ца хуьлуш дIа воьду.»

Маршо радио: Мен эшам бу нохчийн културана а, маттана а Муса дIакаххалхар?

Юсуп: «Ша дуьнентIехь йоккхучу хенахь къоман сий, яхь лардан гIерташ чекхваьлла стаг ву иза. Цо дечу къамелашкахь а хаа а делла суна, студенташ долуш дуьйна а. Телевизионехь цо динчу къамелашкахь а тергаллора иза, цхьаццанхьа интервью луш а. Къоман юхь ларьян гIиртина а, и юьхь ларьяр дезна а стаг ву иза. Иза артист хилла а ца Iара. Муса гIиллакхна хехь лаьттина стаг вара.»

Маршо радио: - Дукхахболчарна, кегийрхошна къаьсттина, ахь яздархочуьнан цIе яьккхича, ахь вуьйцург мила ву ца хаьара, ткъа дудаев мусса аьлчи массарна а бохург санна вовзара. Деккъа иза артист хилар бахьана хилла Iай те иза?

Юсуп: «Вайна массарна а ма хаъара, артист вара аьлла, цунна Дала елла кхин дегIа хазалла а, юьхьан хазалла йолуш а вацара иза, амма цуьнца яра синан хазалла, дешан хазалла, дешан буьрсалла яра, нохчийн хазалла яра цуьнан дешнашца а.

Цуьнан ойланашца а, маьIна а долуш, бух а болуш, ша хьенан мила а ву а хууш стаг вара. Цуьнан да вайна ма хаъара, Дудаев Iабди, нохчийн литературан бух биллинчех цхьаъ хилла. Шен йоккхуш цIе а йолуш дешна стаг, Iеламстаг хилла мА ву Iабди. Советан Iедал даьккхинчара, лаахь а, ца лаахь а аьлла, йоза хууш хиларна, коча доьллина ма ду цунна, хьох яздархо хила веза аьлла.»

Яралиев Юсупан а, сан а Дудаев Мусса хьокъехь тасаделлачу къамела юкъавуьйлира, и дIаваьллий шена хиъча 200 чакхарма гена некъ гезбеш, Хирийн махкара цунах кадам бан Элистанжа веъна байтанча-гочдархо Хатаев Хьусайн. И ву дуьйцуш дIакхелхина Муса шена вовзарх.

Яралиев Юсупан а, Хатаев Хьусайна а кар-кара а оьцуш, дийцира Дудаев Мусах а, цуьнан кхоллараллех а.

Хатаев: «Ас Муса муха кхетийна аьлчи, цхьана хIуманна а нацкъар хила лууш стаг вацара Муса. ТIаккха шега хаттар дича, кочар ваккха а доцуш, дуьззина жоп лора цо ,даггара хьуна гIо дан а гIерташ. Цул совнаха дика кхиамаш баьхна цо пушкин нохчийн матте ваккхарехь а. Нохчалла боху хIума шеца чIогIа долуш стаг вара Муса.»

Яралиев: « Ша къамел дечу хена цхьа башхалла яра цуьнан. Ши-кхо дош аларций ша ала гIертарг ладугIуш болчеран кийра дуьллура цо. Оццул говзалла хилар доккха хIума мА ду.»

Хатаев: «Дудаев М. саннарш кIезиг бу. Уьш кIезиг хилар боккха эшам бу. Шен дош долуш а валар. Шена хетарг дIаолуш а вара, кхиберш санна, ийза а ца луш, хьеста а ца луш, хастамаш а ца беш. И бахьнехь цуьнан ларам а гIехьчул лахбина хIума а дара махкахь…»

Яралиев: «Хила ма везза нохчий вар-кх иза. Нохчий хила ма ца хилла леш а ца хилла, элий а ца хилла. ХIума дуьххьала дIаала дезий а хууш, ишта стаг вар-кх Муса. Къам сакхтех лардеш вайн юьхь дуьхьал дIаолуш мА хилла хIума. Иза оьзда а ду, бусалба дино а магош хIума а ду, цIена ду, лераме ду.къонахаша бен лелийна хIума а дац…Даима а ойла йина стаг ву иза ша шен къам муха лардийр дара те бохуш сагатдина стаг хилла аьлла хетта суна Дудаев Муса. Дала гечдойла цунна»

Соьга Дудаев Мусан къонахаллех а, оьздангаллех а дийцина Яралиев Юсуп а, Хатаев Хьусайн а воцуш, Элистанжа тезетан баьхкинчу дукхахболчара даре дора шен къомана пайдехьа хила гIерташ, цуьнан сий-лараман доза шордан гIерташ къахьегна а, ваьгна кхачавелла а стаг –юьхьша вара Дудаев Муса бохуш.