Оьрсийчоьно, гIуманитаран гIо кхачадо а бохуш, шайн махка хьажийна эскар шен дозанехь сацийна ша, аьлла, даржийна Украинано.
Президентан Порошенко Петрон администрацин куьйгалхочун гIовса Чалый Валерийс дийцира, и эскарш шаьш совцийра пIераскан буса дипломатин гIоьнца, аьлла.
Малхбузено дикка хан ю шен эскарш Оьрсийчоьно Украинан дозане дIаоьзна бохуш, орца доху. Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацерчу Iаьмеркан Штатийн векала Пауэр Самантас Оьрсийчоьно ша Украине гуманитаран гIо кхачор ду бохуш ден дIахьедарш емалдира пIераскандийнахь. И гIо шегахьа болчу оьрсийн сепаратисташна дан гIерта Кремл, аьлла хета Малхбузенна.