ГIажарийчоьнан президенто РоухIани Хьасана критика йина зарратан программа хьокхехь къоршаме политика дIаяхьа лууш болу оппозицин векалшна, уьш «политикан къиллой» бу аьлла. «Шаьш дийцарш ма-доллийна уьш бега бан буьйлало. Дика ду цIа а гIой, йовха меттиг лаха шайна» аьлла дIахьедар дина РоухIанис Оршотан дийнахь, президентан хIора шарахь ГIажарийчоьнан дипломаташца хуьлучу цхьаьнакхетарехь.
РоухIани президент хIоьттира стохка Марсхьокху-баттахь, Ахьмадинежад Махьмуд волчу хенахь сецна хилла долу, Малхбузенца зарратан дагадовларш юха дIа а долош. Консерваторш дуьхьал бу стохка ТехIрано цу хьокхъехь цкъачунна аьлла бинчу бертана, ГIажарийчоь дукха хIуманашна тIехь юхаяьлла бохуш. Кхоччуш болу барт хIинца а бина бац.