Иракъан эскарехь доьза байначу салтех дерг шайна хаийтар доьхуш, церан иттаннаш гергарчара хевшина Iарца протест кхайкхийна БагIдадехь парламентан чоьнаш чохь. Маршо Радион Маьрша Иракъ-сервисо хаам барехь, депутаташ реза хилла церан аьрзнашка ладогIа.
Кхо бутт хьалха, Тикрит-гIалахь «Исламан пачхьалкх» олучу боламерчу тIемалоша леццарх, байна бу гергарчара схьабоьху салтий. Дукхаъчарна хетарехь, уьш дийна ца хила а тарло, амма декъий карийна дац.
Кхаарийдийнахь гуллур ю парламент эскархой лахар жигарадаккха, дош делла депутаташа протестхошна. Амма вуьйш реза ца хилла, дийцарш дерззалц парламентан чоьнаш мукъаяха.