Цхьана агIор машаре некъ ша кхийдабо бохуш президент Путин Владимир а волуш, вукху агIор Украинан малхбаленна тIамца тIегIерта Оьрсийчоь, аьлла дIахьедина Атлантикан тIеман альясан Инарла секретара Расмуссен Андерса. Оьрсийчоьно дуьйцург дац маьIне, хьажа догIу цо лелочуьнга, бохура цо еарийдийнахь Уэльсехь дIахьочу НАТО-н саммитехь. Оцу барамехь, доккхачу декъанна, Украинера кризис йийцаре йийр йолучух тера ду.
Рейтерс-агенталло хаам бо, Малхбаленан тIеман альянсерчу цхьана инарлас дийцарехь, Оьрсийчоьно Украинана тIамца дуьхьаллатточу сепаратисташна гIонна Кремло хьажийна эзарнаш тIеман тобанаш а, бIеннаш танканаш а, гIагIадиллина машенаш а. НАТО-н Инарла секретара бохура шен Уэльсерчу къамелехь, бакъболу машар хуьлийла ду Украинехь, «Оьрсийчоьно шен эскарш цуьнан дозанна гергара дIа а дохуш, цига герз а, герзахой а хьежор сацадахь».