"Виктор" -- Депардье: нохчий боьлу филмах

Нохчийчоь --"Виктор" филман афиша гойтуш ву Депардье Жирар, Соьлж-ГIала, 3Гез2014

Оьрсийчоьне орца а дехна, цуьнан вахархо хиллачу францхочо Депардье Жерара коьрта васт а ловзош, Мартинез Филиппес яьккхина «Виктор» филм еарийдийнахь дуьйна Оьрсийчохь гайта йолийна. Цкъа Москох а, хIинца Соьлжа-г1алахь а презентаци а йина цунна.

Сарахь, Соьлжа-гIалин юккъерчу Гранд-паркехь дIаяхьира филман презентаци. Цига веанера коьрта васт ловзош волу Депардье а, кинорежиссера Мартинез а, сценарий язйина Арно а, кхиберш а.

Цхьана сахьтехь сов динчу къамелехь йовзийтира цара оцу филман шайна хета мехалла, дийцира цуьнга хIунда хьажа веза.

Депардьес шен къамел долош, хестийра махкахь хуьлуш лаьтта хийцамаш. Иштта, хьахийра Iамерка а, Европа а. Уьш, шайн гIуллакх доцуче гIерта оьшуш бац, элира Оьрсийчоьнан францхойх схьаваьллачу актера.

Депардье: «Суна гуш ду гIала хиллачул кхин а хазаеллийла. Еш ю хIара санна хаза а, дика а меттигаш, кино хьажа а, вовшахкхета а таро а луш. Суна иза хазахета. Ресторанаш - уьш дика хIуманаш ю. Суна теша лаьа, шу декъал хир ду аьлла. Мелла а халонаш-м ю Оьрсийчоьнан президентан Путина а, меттигерчу Iедалшна а хьалха. Суна хетарехь, Европана а, Iамеркана а, шан баланаш листича гIолехьа дара, кхечу пачхьалкхашна юккъе гIертачул. Дала декъал йойла Оьрсийчоь а, Нохчийчоь а!»

Нохчийчоь --"Виктор" филм йийцаре еш, юккъехь - Депардье Жирар, Соьлж-ГIала, 3 Гез14

Цхьана шарахь сов яьккхина филман боцца чулацам иштта бу: Францехь 7 шо набахтехь а даьккхина, араваьллачу Виктор цIе йолчу стаган хиъна, Оьрсийчохь ваьхна шен воI вийнарш муьлш бу. Куьгбехкенаш лохуш цунна гIодо нохчочо Сулеймана. Нохчо, бIаьрган негIар а ца тухуш, францхочунна тIаьхьа хIутту, герз а детта, стаг а воь.

Москох шайна тIаьхьабевлича, хIара шиъ воду Нохчийчу. Цигахь хIара къамел хуьлу церан.

Депардье: Сулейман, хьо кхузахь саца веза.

Сулейман: «Хьоьга хъайга цаьрца тIом байтий? Соьга иштанигг ала а муха делира хьоьга?»

Филм 16 шо кхачанзачу берашна хьажа магийна яц. Дерзана догIамаш гойтуш меттигаш ю. Амма дан хIума карийна Соьлж-ГIаларчу киномеханикашна - Iаьржа бода хIоттийра цара экран тIе. Белар иккхийра массаьргара а. Берзинчу зударашка хьажа магош дацара, ткъа берзина божарий гуш бара экран тIехь, зал чохь ах сов зударий боллушехь.

Фильмах хетарг дуьйцу яздархочо Закриев Руслана.

Закриев: « Кино йоккхучу хенахь, ас иттаза тIе а вахана, аьллера цаьрга, ас гIо дийр дара шуна, аьлла. Соьга иза ца дайтира. Цу тIехь дуккха а ледара меттигаш ю. Амма Депардьен похIма ду. Иза дуьненахь вевзаш актер ву. Цо нохчийн къам дика дийцаро оцу филман мах лакхабоккху. Кху дуьненна хьалха а вайх цхьа зуламхой а дина Iаш ма буй хIорш. Со кхъоьрура филм гуттар вон хиларна, амма мегар йолуш ю. Суна оцу Депардьес динарг гIуллакх хетта-кх».

Депардье Жераран похIма цхьаммо а шеконе дуьллуш дац. Амма цо Оьрсийчохь йоху филмаш меттигерчу Iедалша шай политикан Iалашонца йохуьйту, боху дукхачу тергамхоша. Царех ю журналист Кириленко Анастасия.

Кириленко: «2013-чу шеран Дечкен-баттахь дуьйна францойн пресса кхета гIерта, цIеххьана Оьрсийчоьнан вахархо стенна хилла Депардьех. Уггаре хьалхара верси яра бюджетца йоьзна. ХIунда аьлча, цуьнан хьалхара филмаш, аьр вай, "Распутин", Оьрсийчоьнан ахчанах яьккхинера. Иза Депардьес лечкъа а ца дора.

Цул совнаха, Депардьес бохура, Путина Владимира сценари а нисъеш, гIодина шена. Вайн президент, массо а хIуманал сов, сценарист а хилла-кх!

Иштта дозалла дора Депардьес, шена кино йоккхуш Путин Владимира гIо дира бохуш а. Халахета, гой шуна, вай долчу французаш а тIехь уьду шайн цIера, бохуш, вайн кортош хьийзош Iедало. Ткъа иза-м шайна францхошна комеди ю. Цара боху, хьалха Депардье сийлахь актер лоруш хиллехь, цо хIуъа а дича а, нехан цунах йолу дика ойла хийцалуш ца хиллехь, хIинца цо Нохчийчохь яьккхинчу филмо адам хердо цунах».

«Виктор» цIе йолу Депардье Жерар коьрта вастехь волу филм тахана дуьйна 400 киниозалехь гайта йолийна Оьрсийчохь. ТIедогIучу шарахь иза дерриг а дуьненан тидаме юьллура ю.