Шен уллера доттагI ларалучу Депардье Жерара яьккхина кинофилм дукха хан йоццуш Нохчийчохь йовзийтиначул тIаьхьа, цуьнца яхье ваьлча санна, ша а кино чохь коьрта турпалхочуьн васт ловзийна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
Францахочо ша ловзучу фильмехь шен мостагIий отуш, бойуш, къиза хIаллакбо. Иза йоккхуш 10 миллион доллар дайъина.
Ткъа «Iаламате ехк» цIе йолу кино йоккхуш кхин доккха зен а ца дина. Дийцарехь, цхьана видеокамераца, цхьана дийнахь, цхьа а кепек а ца йойъуш, яьккхина иза.
Фильм ерриг тахана гойтуш яц. Цуьнан йоцца видеокийсакаш бен яц Интернетехь гIараяьхна. Делахь а коьрта чулацамах кхеттал хIума ду гуш. Оцу фильмехь дакъалоцуш бу нохчийн актераш а, меттигера бахархой а. Царах цхьаъ ю театран актриса Багалова Зулай. Цо иштта дийцира фильмах лаьцна.
Багалова: «Ахмадова Хьавана дага а деана, яьккхина ю и филм. ДIаяхана зама и иза. Турпалхо вара коьрта васт ловзон оьшуш. Иза Рамзанах вира. Со а, Дагун а (Амаев - МР) дара цигахь дакъалоцуш. Тхан юрта веанарг Рамзан хуьлу. Тхуна вевзаш а вац иза. Цунна ехк дIало оха, хьайна хазахеташ йолу йоI ялае а олу. Ша кху юртара вац, олий, ехк а оьций, иза тIепаза вов».
Ишттачу проектехь дуьххьара хуьлуш вац Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. Дукха хан йоцуш цо журналистан болх а бира. Интервью ийцира меттигерчу журналистера Гацаева Ясминигара. Иза, шена чIогIа мехалла хIума дара элира цо ша болх бина ваьлча. ХIинца, иза, киноактер санна а вовза там бу нахана. Оцу балхаца иза муха ларавелла бохург мкъастор ду кестта кинохьовсархоша.