Китайхь Урумчи гIаларчу кхело велла дIаваллалц набахтехь яккха хан тоьхна уйгурин къомах волчу бакъонашларъярхочунна Тохти Илхамана. Цунна бехке диллинарг ду сепаратист хилар. Тохти бехке вина Синьцзян-Уйгурийн автономан кIоштахь Iедалан кеп йохо гIортарна. Тохти Илхама дуккхазза а критика йинера Китайн Iедалшна, цигахь дехачу къаьмнашца Китайно лелон политика бахьана долуш.
Бакъонашляръярхочо тIе ца дуьту шена дехкина бехкаш. Китайра жигархоша варе дина Iедалш, и стаг чуволларо чолхе доккхур ду Синьцзян кIоштахь долу хаьл аьлла. Цу кIоштахь бехаш бу 8 миллион гергга бусулба-уйгураш. Тохти лаьцнера Iедалша кху шеран Дечкен-баттахь. Цуьнца цхьаьна лаьцна ву кхин а 7 цуьнан студент.