Москох минтинг хир ю Оьрсийчоьнан Iедало Украинехь лелориг кхъобулдечу нехан

Кху беттан 27-чу дийнахь, Шоьтан дийнахь, Москох минтинг дIаяхьа дагахь бу Оьрсийчоьнан Iедало Украинехь лелош дерг кхъобулдеш болу нах. Зорбанан гIирсаша дийцарехь, Iедалша вовшахтухуш йолу и митинг жоп ду даханчу мукъачу деношкахь хилла йолчу оппозицин «машаран маршашна».

ЦхьамогIа гIаланашкахь хиллачу цу акцийн декъашхошна луург дара Оьрсийчоьно шен эскарш Украинера арадахар а, сепаратисташна гIортор яр сацор а. «Левада-центро» бинчу талламца, кху беттан 21-чу дийнахь хилла машаран маршаш къобул еш бу 29 процент Оьрсийчура бахархой.