ТIаьхьатеттина Мубаракана кхел кхайкхор

Мисарахь суьдо Лахьан-беттан 29-чу дене дIатеттина цу мехкан президент хиллачу Мубарак Хьоснина йинчу кхелан сацам дIакхайкхор. Мубаракана бехке дуьллуш ду 2011-чу шарахь Iедалшна духьал акцеш йоьхлуш цу акцийн декъашхой байар. Шоьтан-дийнахь суьдан гIантдас ал-Рашеди Махьмуда дIахьедар дира, кхел кхайкхор тIаьхьататтаро аьтто бийр бу шайн цу гIуллакхехула дикка ойла ян аьлла.

86 шо долу Мубарак тIеман госпиталера кхеле кхачийра беркеманца. Суьдан х1усаман чу иза вигира лоьрийн барамна тIехь. Коррупци лелийна аьлла Мубарак а, цуьнан ши кIант - Iала а, Гамал а чувоьллина ву деъа шаре кхаччалц хенаш а тоьхна.