Керла йоза гучудаьлла Сталинан суртан къеллахь ХIинжа-гIалахь

Дагестанан коьртачу шахьарахь ХIинжа-гIалахь Москох автонекъийн институтан филиалана тIетоьхна долчу Сталинан суртан къеллахь кирхьа оьллина «Тоьар ду санкцеш лан! Сийлахь толам баккхаран ламаст денда деза» аьлла тIехь йоза а долуш.

Сталинан сурт тоьхнера цу гIишлонна тIе стохка Толаман де даздан кечлуш. ТIаьхьо цу дешаран хIусаман векло Магомедов Мурада дIахьедар дира, «кегийрахошна шайн истори дика дагахь латтийта» куьйгалхоша иза дита сацам бина аьлла. ХIинжа-гIалин бахархой массо а бацара и бахьана долуш баккхий беш.