Кёлнехь бусулбанашца къийсало неонацисташ

Германи --Кёльнерчу къепедацаршкахь, 26ГIа2014.

КIирандийнахь Германехь даккхий къепедацарш хилла, неонацин хьежамаш болу эзарнаш нах урамашка бовлар бахьана долуш. Бусулба дин лелораш Германехь баржарна дуьхьал акци дIаяхьинчу цара полисхошна цIе тоссу шишанаш а, тIулгаш а диттина. ХIинца иза толлуш ду меттигера Iедал.

Немцойн Кёлнехь кIирандийнахь митинге арабевллачу аьтто-радикалан партин агIончаша официалехь магийначу шайн акцин бахьана радикалан исламхошна дуьхьало яр ю аьлла кхайкхинера.

Амма и болам вовшахтоьхначу Pro NRW партин хьежамаш бевзачарна хьалхе дуьйна а кхеташ дара, цара арабаьккхинарг радикалхошна дуьхьал къийсам боцийла, цунах бахьана а дина, уьш шайн массо а бусулбачаьрца йолу гамо гайта арабевллийла. Гуш дара иза иштта цу партино митинге гулбинчу ницкъашка ма-хьаьжжина а.

Футболан фанаташ, ультрас олуш болу волелархой, скинхедаш, тайп-тайпана неонацин хьежамаш болчу кегирхойн тобанийн декъашхой – 3 эзар гергга стаг вара Кёльна юккъехь гулвелларг. Ткъа ишттачу хьолехь даима а хуьлуш ма-хиллара, царех дукхахберш корта бахон маларш мийлина, кеп хилла а, я йий чохь долу шишанаш кара лаьцна а бара.

Салафиташна дуьхьало яре юкъаралла кхайкха а, шаьш царна дуьхьало ян кийча хилар гайта а арабевллачу цара, демонстраци дIайолаелла дукха хан ялале, шайн гулам ларбан арабевллачу полисхошна тIелатар долийра. Iедалан белхахошна тIулгаш детташ, лоьлхийтаргаш а, шишанаш а кхуьйсуш, полисхой сийсазбо дешнаш а кхайкхош а, къепедацарш долийра цара.

Ткъа хьал цу кепара дерза там болуш дуйла хууш хиллачу меттигерчу полицино хитуху машенашца а, резянкин гIажмашца а, бIаьргах хи доуьйту газ еттарца а дуьхьало йира. Ткъа меттигерчу хаамийн гIирсаша а, Iедалан векалша а чIагIдарехь, маларо дог-ойла ир-кара хIоттийна болу волелархой совца а тигича, и гулам чекхбаьлла аьлла, гулбелларш дIасалаьхкира полицино.

Амма цу тIехь ца севцира шаьш салафитийн гамончаш кхайкхийна болу, амма бакъдерг аьлча, бусулба дин лелочарна а, кхечу къаьмнех болчу тIебаьхкинчаьрца а, кхечу басах дегIан чкъор долчаьрца а гома болу аьтто-радикалхой. Жимма гIалин юккъера шаьш Iедалхоша юхатеттинчул тIаьхьа, шаьш дIасабовлу кеп а йина, кхин цкъа а Iедалхошна тIелатар долийнера цара.

Кёлнерчу коьртачу цIерпоштан вокзална уллохь футболан фанаташа а, церан накъосташа а полисхойн машен тIекIелъяьккхира, масех полисхочунна чевнаш а еш. Церан къепедацарш бахьана долуш масех сохьтана цу вокзалера цIерпоштанаш а совца йийзира, дIасаяха йиш йоцуш.

КIирандийнахь Кёлнехь неонацин хьежамаш берш харцхьалелла аьлла кост даьржинчул тIаьхьа, Европерчу вайнахана юкъахь, ишттачу хьелашкахь тIаьхьарчу хенахь кест-кеста хуьлуш ма-хиллара, эладитанаш даржа дуьйладелира, цу летаршкахь нохчий а лазийна, ткъа аьтто-радикалхой нохчашна дуьхьал арабевлла а хилла бохуш.

Амма и тайпа хабарш цхьа а бух боцуш хилар къастийра Маршо Радионо, Кёлнехь бехачу цхьамогIа нохчийн диаспорин векалшца зIе а йина. Царех цхьаммо, Кёлнан вахархочо Джантемиров Iадлана иштта дийцира цу гIалахь хиллачух лаьцна.

Джантемиров: „Бусулбачарна дуьхьал арабевлла бара уьш. Масех эзар стаг вовшахкхетта, митинг йо шаьш аьлла. Цара цигахь къепедацарш лелийна, мелла ма барий уьш. Полицин белхахошна йиттина цара, шишанаш кхуьйсуш, тIулгаш детташ. Iедалан белхахой бу цигахь лазийнарш массо а. Делан къинхетамца цхьанна а нохчочух хьакхаделла дац и хIума. Вайнчарех цхьа а ца хилла цигахь“.

Цу юкъанна кIирандийнахь Кёлнехь а, цул хьалха кхечу немцойн гIаланашкахь а неонацин хьежамаш болчу ницкъаша къепедацарш лелоро гIайгIане божийна Германин Iедалхой а, тергамхой а. Уьш кхета, бусулба дин лелочеран агIонтIе къайлахчу сервисийн а, полицин а ерриг само ерзина шаьш Iачу муьрехь, шайн махкахь скинхедаша а, аьтто-радикалхоша а корта айбина хиларх. Ткъа иза вуно кхераме хиларх а.

Иштта, масала, немцойн полисхойн профкхеташонийн куьйгалхочу Пликерт Арнолда дIахьедина, футболан фанатийн боламаш мел кхераме бу бохург тидамера далийта мегар дац, аьлла. „Там бу кестта хазнеха санна кхераме керла цхьаьнакхетаралла цара кхолла, вуно ира радикалан хьежамаш болу кегийрхой вовшах а тоьхна“, - элира цо оршотдийнахь шен журналисташца хиллачу къамелехь.

Цо дийцарехь, и фанаташ цхьа керла, цкъачунна Iедалхоша шайх болу кхерам ма-барра тидаме а ца лоцуш, шайн тергонан юьстах йитина хилла феномен кхуллуш ницкъ бу.