Украинан прокуратурано терроризм олу бехк тIерабаьккхина, Оьрсийчоьнан президент вен кIело еш вара аьлла, кхеле валийначу нохчочунна Осмаев Адамна.
Ши шо ах шо ду иза Одессехь лаьцна кхобу. Украинерчу низамхоша ца хуьйцуш юьту Осмаевс оьккху коьчал а кечйира, молха шашах эккхар бахьана долуш, нехан бахамна зе а хилла, оцу меттехь, карахь граната иккхича, цуьнца зIенехь хилла стаг а велла, боху фабула.