Республикан партино толам баьккхина Iамеркерчу харжамашкахь

Шинарин дийнахь Iамеркехь хиллачу Конгрессе юкъан харжамашкахь толам баьккхина Республикан партино. Цу харжамашкахь хаьржина Векалийн чоьнан верриг а 435 декъашхо а, 36 сенатор а. Оццу хенахь 36 штатехь хаьржина губернаторш. Карарчу хенахь болчу хаамашца республиканхоша дукхах йолу меттигаш дIалаьцна Конгрессан шина а чоьнехь. Сенатехь цера ю 52 меттиг.

Демократин карара яьлла 7 меттиг. Хуш ма-хиллара, цу партин декъашхо ву Iамеркин президент Обама Барак. Конгрессе харжамаш хилира бахархошна юкъахь Обамас беш болу болх ларар лахделла а долуш. ТIаьхьара болчу хаамашца, Обама Баракан болх къобул беш бу 40 сов процент бахархой.