Ахмадов Илес: "Ша мел веха кхийдар ву нохчо Маршоне"

Iамеркан Цхьанатоьхна Штаташ --Нохчийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министр Ахмадов Илес Вашингтонерчу Къоман пресс-центрехь къамел деш, 23Заз2001.

Iамеркахь арадаьлла «Нохчийчоьнан къайлаха тIеман дипломати» цIе йолу жайна. Цуьнан авторш бу Бостонан Университан профессор Данилофф Николас а, Масхадов Асланан Iедалехь арахьарчу гIуллакхийн министр хилла Ахмадов Илес а. Жайнах а, цуьнан чуламах а къамелдо Ахмадов Илеса "Iамеркан Аз" радиохь.

1999-чу шарера 2003-чу шаре кхаччалц, ша Ичкерин арахьарчу гIуллакхийн министр хиларе терра, Ахмадов Илес телефонехула а, йозанца а, аудиокассеташ дIасакхоьхьуьйтуш а зIенехь лаьттина президентца Масхадов Асланца. Цунна дика вевзара мехкан лидер, цуьнан амал, дог-ойланаш.

Иштта хадабо Ахмадов Илеса Масхадов Асланан мах.

Ахмадов: «Масхадовх лаьцна дуккха а дийцина, диканиг а, вониг а. Ткъа вон мел дерг – иза оьрсийн пропаганда яра. Масхадов Аслан – доьналлин эла вара, тIаьххьара доьналлин эла. Хала ду таханлерчу лидершлахь амалца, къонахаллица, шен къоман дуьхьа вала а кийча хиларца цуьнца вустулуш лидер».

Нохчийчохь ШолгIа тIом болабалар а, иза берзо гIерташ Масхадов Аслана хьегначу къинах а лаьцна дуьйцу Ахмадовс ша а, Данилофф Николаса а арадаьккхинчу «Нохчийчоьнан къайлаха тIеман дипломати» жайни тIехь. Стенна ийшира и жайна арахеца?

Ахмадов: «Иза ФСБ-но куьйгалла а деш, айина конфликт яра. Дерриг а къайла даьхьана ду. Хиламашкахь дакъалаьцначарна шайна а ца девза леллачун дерриг сурт. Цундела тахана хала ду дуьззина кхета хIун дара хилларг, яц хьостанаш, дац документаш.

Къаьсттина цо вира со декхаре Масхадовн некъах лаьцна сайгара тоьшаллаш зорбане даха. Ас дийнера-дийне а далош, гойту цо а, дерриг нохчийн къомо а лайна бала. Гойту цо машар лоьхуш хьегна къа, цо сайца къамелаш деш, кхехьийтинчу аудиокассеташца гойту ас дерриг а къомо лайна тIеман Iазап».

ХIун ю сепаратизм, стенна олу нохчийн маршонан боламах «сепаратизм»? Юй башхалла Оьрсийчоьно Украинехь кхоьллинчу сепаратизман боламний, Нохчийчоьно паргIато лоьхуш яьхначу гIулчашний юкъахь? Жоп Ахмадов Илесна иштта го.

Ахмадов: «Иза Украинан латта ду, ткъа цхьа дакъа ду, хIан-хIа иза Украинан дац, иза оьрсийн латта хилла, церан хила деза, бохуш. Иза сепаратизм ю. Нохчийчохь лелларг сепаратизм яц. Нохчийчоь тхан латта ду, и тхан бIешерашкахь цу лаьтта тIехь даьхна къам ду. «Нохчийн сепаратизм», «сепаратисташ» алар иза аьттехь а доцург ду.

Нохчий шайн маршо меттахIотторехьа къуьйсуш схьабогIу, къуьйсур долуш а бу, хIуъа хилла латтарх а. Цигахь тахана паргIато ю аьлла хетало – иза туьйра ду, стенна оьшуш ду а кхета вай. Дукха даккхий дараш хилла оцу жимачу къомана 20 шарахь лаьттинчу, хIинца а сецна боцчу тIамехь, мел хаза сурт цигара гайта гIертарх а».

Кремлан пропагандах хер а велла, стаг ша-шеггара ойла ян воьлча шеконе кхочу, Оьрсийчоьно, шех дуьне а къахкош, шен политика лелор, шен хьажамехь мехкашца юкъарлонаш латтор нийса дац-кх, олий. Оццу шеконехь ву Ахмадов Илес а. Цо Путин шен хенна ма-варра ца вовзарна а, цуьнан политиках ца кхетарна а, Нохчийчоь цо цIийла хьарчийча, лерг таIIина Iарна а бехкедо цивилан дуьне.

Ахмадов: «Оьрсийчоь хьалха а яра шайисина. Тахана къаьсттина го иза ирча хьал даре ца деш Iийначарна. Массо а цивилан дахаран лартIехь долу хьесапаш, низамаш кегдеш хьийза оьрсийн пачхьалкх. И массо а «хIу из мистер Путин» («Мила ву мистер Путин») бохуш лелийначу ловзарийн тIахье ю-кх шуна - схьаэца! Ву-кх шуна подполковник Путин, юьхьанца а хууш дара цо хIун дийр ду. Цунах хилало полковник Каддафи. Кхин цхьа ахилалур вац цунах.

Тахана гуриг - иза хIеттехь ган дезаш хилла маьттаза жамI ду. 20 шарахь Оьрсийчоьнна дуьнено магийтинчу кийтарлонийн тIаьхье ю. Юьхьанца Нохчийчохь цIий Iенош хьийзира Путин . Юха курра Гуьржийчоьнна тIелетира. Тахана Украинехь цо лелориг гайтаме масал ду. Нохчийчохь леллийнарг а тоьар дара, кхин масал а ца оьшуш».

Украинерчу сепаратисташна гIодан стенна боьлху нохчий? Уьш хIун нах бу, муьлхачу некъаша арабаьхна, бохучу хаттарна жоп а ло Ахмадов Илеса.

Ахмадов: «Украинехь сепартисташкахьа болу нохчий, шайн къомах хаьдда нах бу, уьш шайн лаамехь бац цигахь. Уьш цига хьийсош бу. Цхьа а ахча а ца ло царна. Вежаралла хьалхадаьккхина хIиттина а бац сепаратисташна тIе. Оьрсийчохь лелаш йолчу шовинизмо хуьлийтуьйла а дац нохчий цигарчу оьрсашкахьа.

Хилийтахь иза коллоборационист а, иза гIур ма вац шен къоманна тIе даш диттина бахьана – сепаратизм - толон. Цигахь и тайпа лаамхой бу бохуш юьйцу Нохчийчоь. Уьш цигахь хир ма бу – Оьрсийчоьнан нах бу уьш. Нохчийн-м хьаха дика кхета Украинехь леларг хIун ду».

Нохчийчоьно битина маьрша пачхьалкх хила гIерташ ша бина некъ. ХIинца цо ца лоьху маршо, долучу хьолана реза ву массо а, бохуш, Оьрсийчоьнан прессехь дуьйцург бакъ дац. Лолле юхадалийна, гIорасиз дитина къам. Амма иза иштта дуьсур дац даима а, рогIехь бу кхин а маршонехьа латтор болу къийсамаш, боху Ахмадов Илеса.

Ахмадов: «Къоман тахана лелачу процессех дийцар, масала, маршоне и кхийдарх, хийцамашка кхача гIертарх – иштаниг данне а дац цигахь, тийна ишал ю. Цигахь дийнахь, шина дийнахь бен хилла а боцчу журналисташа, цхьанхьа къайлаха цхьа-ши стаг а левой, дуьйцу, дIадели, кхин ца кхийда нохчий маршонехьа, царна кхин иза хьехон а ца лаьа, бохуш. Иза деса къамел ду.

Цхьаъ делахь, хаа догIу, къомана хилла зен дуста ца даллал доккха ду. Нохчийчоь къадйина, ницкъ денбан цунна хан еза. Ца оьшу Iехадала, Нохчийчоь йоьжна бохуш - иза цкъачунна къомана хьайначу йовсарийн карахь ю. Путинна дика некъ карийна хьал шегахьа дерзон. Цигара схьагойтучу суьрто Iехаво тергамхо. Сох тешалаш, маршоне сатийсам тIаьххьара нохчо велла дIаваллалц бехар бу шуна».

Your browser doesn’t support HTML5

Ахмадов Илесан интервью (оригинал, оьрсийн маттахь)

Иштта бу Нохчийчоьне а, цуьнгарчу хьоле а, Кремлан политике а болу хьажам Масхадов Асланан Iедалехь арахьарчу гIуллакхийн министр лаьттинчу, хIинца Iамеркахь а вехаш, цигахь массех жайна шен даймахках лаьцна арадаьккхинчу Ахмадов Илесан. Цуьнан хIора а тептарна дуьхьал протесташ кхайкхош схьайогIу Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралла. ХIинца рогIера протест а хезар дезар ду, гарехь.

Иштта ю Ичкерин арахьарчу гIуллакхийн министр лаьттинчу Ахмадов Илеса "Iамеркан Аз" радиона елла интервью.