Арслан Ахьмад Iалауддин дIаверзош бу Урдунера нохчий

Шайлахь шаьш тоьллачех лору махкахо, инарла-лейтенант Арслан Ахмад Iалауддин коше верзош бу кху деношкахь Урдунера нохчий. Цигахь а санна, сингаттамца тIеэцна Арсланан – Якаман кхалхар берриг а нохчийн даймахкахь Нохчийчохь а, Iаьрба мехкашкахь а.

Урдунерчу конституцино магош доццушехь, хьунарш билгалдохуш, цуьнан майраллин сийдеш, шозза «Урдунан Турпал» цIе еллера цунна 1960-чуй, 1970-чуй шерашкахь. Малхбалерчу тIемашкахь шех массеран а баьрг бузийна къонах вара Арслан Ахмад Iалауддин.

Нохчийчоьнан администрацино дIакхайкхийначу лаамца а догIуш, кестта Арсланан цIе лелор ю Соьлж-ГIаларчу цхьана урамо.