БIеннаш шерашкахь зеделла ма-хиллара, муьлххачу а хьелашкахь забарна ярна тIера хилла нохчий –тIеман кIуьрлахь а, нуьцкъала халонаш лан езначу луьрчу хенахь а. Цунна тоьшалла до заманан кIоргера схьаеъначу халкъан барта кхолларалло а. «Ма Iовдал ю йина нана, ца кхеташ ю йина нана, пхийтта шарахь шеца Iийча, дIагIой яла ма ца боху».
Цу цхьана хенан гурахь кхолладелла доцчу могIанаша хьалханча забар елахь а уггар хьалха гойту «сакъедоцчу» хьалкъан синлаттам а, ойла а, дахаре болу хьажам а. Цу могIарера ду синкъерамехь сакъера аьлла, лохачу стага шена тIе хабар даийтича, дахарехь яхчаеллачу жерочу аьлларг а: « Лоха стаг жима хета, кхоьлина де сарахь хета». Оццу «яхк» чура ю гарехь шега маре йола бохуш тIаьхьар ца волучу Закали цIе йолчу стагна йоIа лекхна хIара йиш а: « Нахана-м Закали ваний хьо, суна-м ги гали ваний хьо».
Тхан Iалашо фольклор йийцар яц таханлерчу забарех гIортор яр ю. Iилманчаша чIагI ма-дарра забар цхьана муьрехь кхолла а луш, юха цхьана ханна къайлайолуш хIума яц. Забар , цкъа а леш йоцуш, дахарца кхуьуш хIума ю, шен хеннахь гучу а йолуш. Суртдиллархочо Пашаев Абус японийн поэзера могIанаш а далош ,билгал ма даккхара: » Со делла ду ма мотталахь,-аьлла дитто,- со делла дац хьуна, со сайн сахьт лардеш Iаш ду хьуна». Цунах тера, цхьана хана дIатер доцург ,леш яц забар а.
СадаIа хийисте охьахевшина кIентий, шайн накъостан вина де дазда. Дуьххьала кад чубоьттича, дуьххьала дош деллачун къамел дахделла. Пхи минот а яьлла, итт минот а яьлла, ша эскарехь лелийнарг дуьйцуш вахвелла дешан да. Каралаьцна кад а болуш ,куьг дахдина Iачу цхьамма эккхийтина: « Ахь эскарехь мел лелийнарг паргIатехь довзийтахь вайна хьайн делдахь ,хьенех, хьо цхьана денна вахна а самоволке я отпуке вахча, хIара кад дIамер ма бара оха».
-Хьо мичахь ву,хьенех?- зIенехула хоьтту цхьамма шен накъосте. – Ваха волчохь ву, Ваха волчохь! Хьо лаа вуй?- Со-м лаа-тара хила а магара. Ма ваха меттиг къеелла хилла хьуна. Кхин стаг йоцу хIума ца карийра хьуна цига ца вахча? – Ца карийра. Шуьга веънера со хьо цIахь вацар-кх жоп дела вукхо шек дIа а воцуш.
Шовзткъе иттара ваьллачу шен вешин кIантана карзахе дов деш чуьраваьлла хьийза хилла деваша.
–Берийн бераш а долуш ву-кх дала витахь! Эхь дац ахь лелориг жIаьла! Юхаверза ца мега хьо, къаркъана чуйиллина батт хьала а яьккхина! Берехха-м ца хетара хьуна,хьайн несарехь эхь ца хета хьуна? - Ваши наха дуьйцург дукха тIе ма лецахь ахьа а ! Цара мел дуьйцург бакъ ду моьтту хьуна?! Цхьаболчара хIуьттаренна, гамонна а дуьйцу хьуна. Хьуна лаахь бIаьрнегIар ца тухуш ас хьо цунах теша а во-кх!
– Со хIун дина тешо йоллу хьо,мераIуьрг! – оьгIазвахна деваша. _Ас хIинцца дIо-о хийисте хIара машен дIа хIоттийна ,схьа а веъна ,хьуна юхе охьахуур ву. Аса вала дул-кх хьуна тIе хьан вешин кIант хийистехь сакъоьруш ву бохуш нах ца эхахь!- аьлла вешин кIанта.- ДIаяла суна юххера боьха хIума! Дийца ца хууш-м дац, жIаьла! – кхин карзахваьлла деваша.
Шен ваша вехачу кетIа вахна цхьа юьртахо. Чуьра схьахезаш вон татанаш а, девне къамелаш а хилла. Чуваха а, ца ваха а шина даггахь ойлаеш а лаьттина,чуьра гIовгIа, кхин а марсаяла йоьлча, и лаам дац аьлла, хIара чухьаьдда. Кхунна дуьхьал а кхеташ, бетах,мерах оьхуш цIий а долуш, ваша ариккхина чуьра. Чуваьлларг кхетта шен вешина йиттинарг зоьртала дегI долу нус хиларх. И Iаьткъина мох еанчу кхо тоьх-тоьхха нус шалха яхийтина. Охьайоьжна иза а йолуш, арара чу а веъна, бетах оьху цIий дIа а хьоькхуш, тIехIоьттинчу майрачо аьлла: « Хьуна моьтту хир дара сан вала да вац, хета ма ву! Хьуна хаа а ма хии вуй!»
-Дада суна болх карийна. Ах миллион тIе ца тоьу. Ахь и ахча нисдича со тIебогIучу баттахь балха аравер вара-кх. Шо далале ахча юха а дерзор дара.
-Ахь муха дерзадо оццул ахча юха? ХIун болх бу хьуна карийнарг цу беса?-цецваьлла да.
-Министаран гIоьнча. – Ой хьо муха воьду министаран гIоьнча чекхъяьккхина хIума а йоцуш,эцна диплом а йолуш? Хаарш ца деза цигахь?- хаттаран хьаьрк а хилла тIевирзина да.
-Со дерригенна а дуьхе кхиъна, ас хитина. Цхьа корматалла а ца оьшу. Цкъа делахь со воцуш цигахь кхин 4-5 гIоьнча ву. Юьхьанца со Iаммалц сан болх цара бийр бу. ШолгIа министарна хестамаш бан мало ца йичхьана дIабоьду боху болх. – Ахь дийцарехь хьекъало сагатдан оьшуш хIумма а дац цигахь?-хаьттина дас.- Дац,дада,дац. Хьаькам хьеста а веза, хIан-хIа бохург диц а дина, цунна товриг дуьйцуш, хIаъ баьхча , болх дIабоьду бах,- шеквоцуш хазийна кIанта.
-Хьекъал ца эшаххьа-м хаац суна, со-м кхеравеллера цигахь и оьшу моьттуш. Ишта делаххьа-м хьо ларавала а там бу!- тешам боллуш хазийна дас.
Ткъа хIара мелла а широ забар ю. Хьекъална аьрто волу цхьаъ эскаре вигна мацах цкъа. Цкъа а, шозза а сержанто, шега оьзда боцу мотт лебийча, кхо йиттина охьавиллина шен хьаькам. « Хьан да вала хьакхийца, суна цIахь биргадиро а ца хьекхна и моххьа-м,ас хьоьга мича хьоькхуьйтур бу и иза. Цу тIе лейо боьха батт хьажахь!- ша-шега а луьйш, схьавогIуш хилла сержантана бишка тоьхнарг.
И гIуллакх нахала а даьлла, шолгIачу дийнахь хIинцца эскаре балийна дуй баанза болу салтий дIа а гулбина, пополковник даржехь волчу эпсаро аьлла:» Нохчийчуьра кегийрхой балийна вайн полке. Церан Iедал дац оьзда доцу къамелаш хазош. Цундела цаьрга и мотт ма бийца ларлуш хила. Царех хьенехан минехавича цу тIехула сержанта етта а йиттина ур-аттал.»
Цу дийнан делкъал тIаьхьа, цхьаьна Iаш, сержантана йиттинарг хьовзо дагахь накъосташа аьлла:» Ванах хьенех, хьо ма кIант ю ях хIай! Схьакхаьчча а валале хьо-м подполковникна а вевзаш ма ву! -Дели а дуьхьа ма йоккха Iовдал ю хьо!- жоп делла вукхо. -Хьо а .со а ,вайн массо а ма ву царна вевзаш! Вайн кехаташ цаьргахь ма ду!