Кавказан Имарат гараяьлла

Нохчийчоь -- "Кавказан Имаратан" куьйгаллехь лаьттина Умаров Докка а, цуьнан накъостий а, 2012 шо.

Къилбаседа Кавказехь маршонан боламаш буьйлабелчхьана дIаихинчу заманашка ладоьгIча, масситтаза бекъабелла гIаттамхой. Болам бIешо сов хьалха лаьттинчу Кавказан тIеман тIаьхьало санна а гуш, тIемалой къаьмнашна маршо яккха лерина хиллехь а, тIаьхьо болам деккъа дIа джихIаде берзийра...

Деношкахь Дагестанехь муджахIидийн баьччанех цхьамма, аьлча а, Аухан жамаIатан къедас Абу-Хьавса интернетехула дIахьедар дира Хасу-Юьртах а, цуьнан гонахарчу яртех а жоп лучу амирна Сулиманна тIе питана а хьош, ша цуьнан метта ву бохуш лелаваьлла Ислам цIе йолу муджахIид харц ву аьлла.

Къедас Абу-Хьавса дийцарехь, амиран даржехь тIечIагIвинарг Сулиман ву, ткъа ша-шех Хасу-Юьртан амир вина хьийзачу Ислама гIаттамхошна юкъа питана дуьллу. Деношкахь динчу оцу шен къамелехь Абу-Хьавса кхидIа хоуьйту Кавказан Имаратна боккха кхаъ хиллийла Шемахь а, Иракъехь а «Исламан Пачхьалкх» я халифат шех олу тоба кхоллаяларх а, иза кхиаме шен мостагIий хIаллакбеш схьайогIуш хиларх а лаьцна. Цо бахарехь, Делан некъатIехь мел долу жамаIат хIотта деза оцу халифатан байракха кIел.

Абу-Хьавса и къамел дина даьлла массех де. ХIинца интернетехула видео яржийна хьахийначу Сулимана, Аухан амира, ша а, шен массех муджахIида а «Исламан Пачхьалкхана» а, цуьнан халиф ву бохучу ал-БагIдади Абу-Бакарна а муьтIахь хила байIат деш.

Сулиман: «Ас, Сулимана, Аухан джамаIатан амира, хьуна, бусулбанийн халифна ал-БагIдади Абу-Бакарна, байIат до, аттачохь а, халонашкахь а, сайн товриг, ца товриг ца лоьруш, хьуна муьтIахь хилла, хьоьгара билггал Дала къастош долу куфр гучудаллалц».

Яьржинчу видеоша гойту ши хIума. Цхьаъ – Кавказерчу муджахIидашлахь барт бацар. ШолгIа – цара шаьш-шаьш а буьйлуш, «Исламан Пачхьалкх» шайх олучу, геннахь, массех эзар чаккхарма юьстах тIемаш беш бохкучу баьччанашна шайгара муьтIахьалла къадош хилар.

Ала деза, Кавказ Оьрсийчоьнах маьршаяккхархьама 20 шо сов хьалха айбина гIаттам тIаьхьо беккъа дIа дин къовсучу хорша берзийначу Кавказ Имаратехь дуьххьара хуьлуш дац муджахIидаш гаранашка бовлар. Изза лийлира 2000-гIа шераш дуьйладелча дуьйна схьа.

Амма кху муьрехь Дагестанерчу жамаIато яржийначу, Умаров Доккас шен тIаьххьара къамел дечу видеога ладоьгIча, Имарат Кавказ гIелйинчийн могIарахь нисло, кхеташ доцчу бахьанашца, Маршо Радио а. Нохчийн маттахь динчу къамела тIе дагестанхоша оьрсийн гочдар а дуьллуш кечйинчу видеохь иштта боху Умаровс.

Your browser doesn’t support HTML5

Умаров Докка: цакхетамийн хьокъехь

Дагалоцийла ду Маршо Радионо Умаровгара а, цуьнан гонера а дуккхаза а интервью эцна хилар а, цара дуьйцуш хилларш ладогIархошка ма-дарра дIакхочуш хилла хилар а.

Цул совнаха, Кавказан Имаратца некъаш галморзахбуьйлуш баьхна шаьш дийна болуш цуьнан дуккха а амираш а, масала, вежарий ГакаевгIар, амираш Вадалов Асламбек а, Газиев Тархан а, кхин дуккха а берш а.

2010-чу шеран аьхка, масала, дира цара шаьш Умаров Доккех дIакъастарх лаьцна дIахьедар. Иштта дара хIетахь Газиев Тархана аьлларг.

Your browser doesn’t support HTML5

Газиев Тархан: "Оха юхаоьцу Умаровна дина байIат"

Дуккха а хийцаделла Кавказан Имаратан могIаршкара хьал. Нохчийн карара даьлла боламах урхалла дар а. Ткъа къестамаш муджахIидийн вовшашлахь, Дагестанерчу жамаIаташа ма-гайттара, хуьлуш-беш лаьтта хIинца а.

Тахана массо а хIуманна юкъадоьлла, Кавказ Имарат кхачийча санна, Иракъехь, Шемахь лелачу боламашкахьа гIаттамхоша шайн дог-ойланаш кхийдор а. Ткъа Кремлан политикаш а, Iедалхой а тешна бу Оьрсийчоьнна Кавказан Имаратал башха, «Исламан Пачхьалкх» а, царна байIат деш болу кавказхой а кхераме бацарх.

Оцу хьокъехь хаттар дира Маршо Радионо Оьрсийчуьрчу тIеман боламийн эксперт волчу публицисте Сухов Иване. Кавказера муджахIидаш Иракъерчу халиф шех олучу амирна ал-БагIдади Абу-Бакарна байIат дан бийларо царна юкъара барт эгIар гойтий-те, аьлла дара тхан хаттар.

Сухов: «Хуьлушдерг зийча, Дагестанерчу тергамхошка а ладоьгIча, ала тарло дакъошка бевлла тIемалой. Суна гарехь, Кавказ Имаратан куьйгалло ал-БагIдадица а, «Исламан Пачхьалкхаца» а ца тесна гергарло. Делахь а, цара цхьацца Малхбалерчу радикалан боламан дакъошца, масала, Шемарчу, юкъаметтигаш латтайо. Ткъа «Исламан Пачхьалкхаца» ца лаьа, гарехь, юкъаметтигашкахь хила. Амма кавказхошлахь байIат дийраш бовлар а кхеташ ду, Къилбаседа Кавказера а ма буй «Исламан Пачхьалкхан» могIаршкахь тIмаш беш бIаьхой».

Ша Имарат Кавказ кхоллаялар а, цуьнан куьйгаллехь лелларг а, тахана леларг а зийна, къастам бича, ала тарлучух тера ду Нохчийчуьрчу Хьалхарчу тIамехь а, ШолгIачу тIеман декъехь а лаьттинчу ичкерийхоша ма-аллара, Кавказера маршонан болам дакъаза баьккхинарг а, таханенна боцчу кхачийнарг а ду ша и болам, кавказхойн ворхIа ден некъан лорах а баьккхина, деккъа дIа 2000-гIчу шерийн юьххьехь дин къовсучу хорша берзор