Керри Джон: Коалицино эшор ю "Исламан пачхьалкх"

Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретара Керри Джона дIахьедина, Iамерка коьртехь а йолуш, мехкаша кхоьллинчу коалицино цхьана могIарахь дуьхьало ю еш, мел оьшу йийр а ю «Исламан Пачхьалкх» олучу тIемалойн тобанашна, аьлла. Цо бахарехь, 60 гергга пачхьалкх ю оцу коалицехь.

И хаам цо бира кхаарийдийнахь Брюсселехь, мехкийн арахьарчу гIуллакхийн министраш Атлантикан ТIеман альянсан кхеташоне гулбеллачохь. Иракъан а, Шемин а дакъош доладерзийначу «Исламан Пачхьалкхна» духьалояр дийцаредийраш кхета, Iалашо аттачех йоцийла а, кхочушъян шераш оьшур дуйла а.

Керрис бахарехь, кхуьуш бу джихIадистийн могIарш, иштта лакхадевлла царна коалицино ден дараш а.