Муьлш хилла Соьлж-ГIалахь тIом бинарш?

Соьлж-ГIала - Буса лаьттинчу тIеман ларш, 04ГIу2014

Соьлж-ГIалахь иккхинчу тIеман официалера верси а, Интернетан хьостанашкахула дуккха а видео-аудио а ю яьржина дахначу дийнахь-буса. Кеп-кепара ду хиламах дуьйцурш

Цхьаъ делахь, буьйссанехь даьржира интернетерчу социалан машанашкахула а, нохчашлахь гуттар а яьржина лелаечу Ватсапехула а Соьлж-ГIаличу баьхкинчех ву ша бохучу стеган аз. Цо бахарехь, алссам дара летта иэга баьхкинчийн терахь. Iалашо иштта хазайо оцу тIемалочо.

Ватсапера:

Your browser doesn’t support HTML5

"Тхо иштихIад дан даьхкина..."

Кхузахь вуьйцу амир Хьамзат – иза тахана ломахь куьйгалла дечех цхьаъ, Батюкаев Аслан ву. И аз баккъал а гIаттамхочун ду бохург шеконе диллина ницкъахоша а Iедалан дайша а. Амма муьлха агIо бакълоь ала хала ду. Парламентан спикера Абдурахманов Дукхвахас сихха хIоттийначу депутатийн кхеташонехь хаам бина, видео-дIакхайкхор Соьлж-ГIалахь даьккхина а дац, иза цул дуккха а генахь, Оьрсийчоь йожон лаам болчу урхаллаша – Цхьанатоьхначу Штатийн а, НАТО-н а лаам чекхбоккхуш хьийзачу къайлахчу сервисаша даржийна, аьлла.

Абдурахмановс бахарехь, хIинца Соьлж-ГIалахь цхьанне а бац кхерам, къепе меттахIоттийна полицино а, эскарша а.

Буса а, дийнахь а лаьттинчу тIматасадаларийн официало даржийна терахьаш иштта ду: вийна 9 гIаттамхо, Iедалан ницкъашкара велла 10, чевнаш йина 28-нна.

ГIалин бахархоша бечу хаамашца, важа ши меттиг йоцуш, зенаш хилла медицинан колледжан цIенна а, базарна а, массех туьканна а. ГIаличу баьхкинчу гIаттамхошна дуьхьалдаьхна хилла дуккха а полисхойн а, кеп-кепара тIеман а дакъош. Зе гIишлошна доккхачу декъанна дина Iедалан ницкъаша диттинчу дезачу герзаша.

МогIарчу тешаша бечу хаамца, лаххара а йиъ машен ю яра тI герзаш диттина, Iуьйранна яьгна лаьтташ: «Нохчийчоьнан Дог» олучу маьждигна хьалха а, Зорбан цIенна уллехь а, 20-гIа школина гергахь а.

Масса стаг хилла Iедалан ницкъашца тIом бинарг билгал ца даьлла. Бахархошна хетарехь, уьш 10 хилла Iойла дац. Кхин ца хилча, оццул беха тIом лаьттар а бацара, боху цара.

Сема , ларлуш хилар доьхуш вовшашка СМСаш, интернехула хаамаш кхоьхьуьйту Соьлж-ГIалин бахархоша. Iедал дарделла ду, хIинца массо а вахархо цо зуьйш хир ву, дIасакхоьхьуьйтучу хабаршкахь маьрша ма хилалаш, верийлаш, бохуш яздо наха вовшашка.