"Къинхетамечу наха гIодийр ду цIенойх баьхначарна..."

Нохчийчоь --Янди-кIотарахь дагийна цIенош, ГIуран-бутт, 2014.

Нохчийчохь нехан цIенош дагор сацийна дац президента Путин Владимира шен пресс-конференцехь и къиза болам емалбиннашехь. Лелачу зуламо инзабаьхна беха мехкан бахархой.

Тергамхой, адамийн бакъонашларьярхой боцуш, Нохчийчохь дагийна цIенош уггаре чIогIа дийцаре деш ду шаьш могIарерчу бахархоша. Кхо-виъ стаг вовшах кхет-кхеттачохь а, цхьанхьа ваха ваьлла автобус тIехь нисвелча а, балхахь а, базарахь а –массанхьа а хьехош ду , доьзалш ара а бохуш, ницкъаллин структурийн декъашхоша тIемалойн гергарчийн тайп-тайпанчу кIошташкахь дагийна цIенош.

Цхьаболчу наха, цец а буьйлуш, билгалдоккху, гIалина тIелатар динчарна юкъахь хилла боццушехь дагийна цхьаболчеран цIенош бохуш.

Кху деношкахь цу хьокъехь хаам Iорабаьккхина бакъонашларьечу «Мемориалан» центран кхеташонан хьаькамо Черкасов Александара а: «Ницкъаллин структураша исс цIа дагийна. Царна юкъахь ю Соьлжа-гIалахь хилла боцчу тIемалойн гергарчийн хIусамаш а… Иза зулам ду. Вай Оьрсийчоьнан низамана кIел хила деза, ткъа цу тIехь аьлла дац гергарниш жоьпалле а бу, царна таIзар дан а догIу». Герггарчу барамехь ишта чулацам болуш дIахьедар динера Черкасов Александара.

Бакъонашларьярхошна хетарг а, церан хьажам а хьесапе эцарра-м стенна дуьйцу, схьахетарехь, кхузахь чоьте ца оьцу Оьрсийчоьнан куьйгалло дуьйцург а. Нохчийчохь тIемалойн гергарчийн хIусмаш хIаллакьярх Путина Владимира , масала , кху беттан 18-чу дийнахь, пресс-конференцехь шега деллачу хаттарна жоп луш, аьллера, цхьаьнна а Iедалде бакъо яц, хаьттина дов а доцуш, бекхамаш бо бохуш, шайггара таIзарш дан.

Цул сов Путина тIетоьхнера ницкъаллин структураша Нохчийчохь и цIенош дагийнарг мила ву хаа зераш долийна аьлла. Президенто делла жоп мел бух болуш хиларан а, цуьнан мах хадоран а гайтам лору нохчаша и къамел динчул тIаьхьа а тIемалойн гергарчийн хIусмаш охьаатар кхузахь сацийна цахилар.

Бахархоша а, «Кавказан узел» газето а даре а деш, Путина и къамел динчу диннахьехь Гуьмсан кIоштан Кошкалды эвлахь ШабановгIеран цIено дохийна дIадаьккхина буса баханчу полисхойн белхоша. Нахана халонга даьлла тIемалочун гергара бу аьлла, доьзал Iай тхов боцуш, шелонехь битар.

Нохчийчохь урхаллехь болчара шайн лааме хьаьжжа Iедалан герзахошка бехк боцчу нехан хIусамаш ягаяйтар а, йохаяйтар а, я кхитайпа ницкъ бойтуш, нахана тIехь таIзар далладайтар, шуьйра дийца даьккхина ду тахана.

Хьалха Советан Iедал долчу хенахь хьо хьолахо вуй, хьолада ,кулак вуй бохуш цIерш а етташ, дукха адам хIаллакдира бохуш дийцира Соьлжа гIалин кIоштарчу къаночо. Iедалан кара ца ваха веддарг обарг ву олий дIакхайкхавора бах цуо,ткъа и санначеран хIусмаш ягайора. Хьасан цIе йолу дезткъара ваьлла къано ву дуьйцуш.

Хьасан: «Советан Iедало леладора и тайпа хIуманаш.Тохара хьо кулак вуй,хьо вехаш вуй бохуш, нах чуьра ара а бохуш, тоьпаш а етташ дIабохучу хенахь, шаьш ца байийта бевдда лелачарна «обаргаш» аьлла цIе тиллинера. Уьш шайга схьа ца леца беллачеран, церан доьзалш чуьра аара а кхуьссуш,цIерш а туьйсуш, церан хIусамаш ягайора.

Нахе дIаолура царна юург-мерг елларг а, уьш чубитнарг а. кхечу агIор царна гIо динарг а таIзар ца деш вуьтур вац аьлла. Терракташ еш верг, гIулкх доцург лелош верг вей дIаваккхахь, суна новкъа ца хета. Цхьана-а Iовдалчу дас-нанас шайн доьзалхо вохуьйтур вац эккхийтар дан а, я зуламна декъа».

ХIусамаш ягор хьокъехь къамел динчу къаночо Хьасана билгалдаьккхира, цу кепара цIерш а туьйсуш, бехк-гуьнахь доцу адамаш, тIехь а, карахь а доцуш, стигал кIел дитаро, нахана гергахь Iедалан цIе йожаяхь бен кхин беш дика болх бац. «Дикачу, къинхетамечу нахах доьттина ду дуьне, - бохура Хьасана кхин дIа а. - Цара гIо дийр ду когахIитта а, кхечанхьа дIабаха а. Амма цара а, церан тIаьхьено а цкъа а цкъа дицдийр дац Даймахкахь шайна динарг».