Плебесцитехьа ву РохIани Хьасан

ГIажарийчоьнан президент резавац халкъана мехала йолу экономикан, социалан гIулчаш ша консервативе лоручу парламенто бен билгалъяха ца магаде низамаш хиларна шен махкахь. Телехьожийлехула халкъаца дагаволуш цо аьлла, ерриг пачхьалкхах хьакхало хеттарш нехан кхоже дахка деза аьлла.

1979 шарахь тIеэцначу конституцино наггахь хаттар а дац халкъан кхеле дилла кхачош. РохIани Хьасана шен къамел дира экономика пачхьалкхан карара а йоккхуш, маьрша кхиаран некъаш къасторхьама вовшахтоьхначу кхеташонехь.

Шен зарратан программа бахьанехь дуьнено эмбаргон гурашкахь латточу ГIажарийчоьнна мехала ду ша-шен сурсатех кхачоян Iамар. Парламентан декъашхоша хIинцале хаийтина шаьш РохIанин къамелна резабойцийла.