Нохчийн республикан парламенто Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думе дIаелла террорахошна а, церан гергарчарна а таIзар дар чIагIдеш долчу низаман проект. Нохчийн депутаташа доьху Оьрсийчоьнан депутаташка террор лелорна бехке болчарна 15-тта шо а ца тухуш, 25 шо хан тохар. Цул сов, цара доьху цу нехан банкашкахь долчу ахча дIадаккхар а.
Нохчийн парламентан декъашхошна хетарехь, кхел ян еза зуламхо ву бохучу стеган гергарчарна а. Нохчийн депутаташ дуьйцург цхьа а доцург ду аьлла хета Оьрсийчурча бакъонашларъярхошна. Пачхьалкхан Думан декъашхоша и низам тIеоьцур дац аьлла сатесна бу уьш.