Махбузера Техасера мехкадаьтта 5 процентана дайделла Оршоттан дийнахь Нью-Йоркерчу сурсатийн биржехь. ХIинца цуьнан цхьана черман мах бу 46 доллар, 7 цент. Цуьнца цхьаьна Лондонехь Brent олучу мехкадаьттан мах охьабаьлла 47 доллар 43 центе кхаччалц.
Оццул дайделла дацара мехкадаьтта кху тIаьхьарчу 6 шарахь. ХIара шо даладелчхьана мехкадаьттан мах охьабаьлла 17 процентана. Goldman Sachs олучу инвестицин банкана хетарехь, цхьа ши бутт баьлча мехкадаьттан мах хир бу 40 доллар 50 цент цхьана черманах.