Хьалха заманчохь бежнашна кхеташ хилла «cтерчийн туберкулез» олу цамгар.
Цу хенахь адамийн дахар хьайбанашца доьзна хиларан бахьанехь и цамгар адамашна тIеяьлла, бохуш дуьйцу лоьраша а, Iилманчаша а.
Цара чIагIдарехь, туберкулез къаьсттина алсам яьржаш хилла г1аланашкахь.
Дахаран хьелаш къиза хиларна, дукха миска нах цомгаш хуьлуш хилла х1етахь.
Ткъа хIинца, дерриг а патарбаьтта ду бохучу заманца стенна карабо пехийн оцу цамгаро лецнарш.
Нохчийчоь ю Оьрсийчоьнан регионашлахь уггаре дукха пехийн цамгархой бу аьлла лоруш статистико.
Т1емаш бу бехке? Адам къен-меца лелар ду? Хеттаршна жоьпаш лучу Сайдуллаев Iаьрби-Хьажас тоам боллуш довзийтира хьал сан шеца а, шен г1оьнчица а хиллачу къамелехь
Your browser doesn’t support HTML5
Къамелехь дакъалецира дарбанан цIийнан берийн отделенин куьйгалхочо Шовхалова Фатимас. Цо билгалъехира туберкулез кхетча дуьххьара гучуюьлу билгалонаш, хаийтира цул тIаьхьа хIун дан деза а.
Your browser doesn’t support HTML5
Коьрта лор Сайдуллаев Iаьрбис ша дечу къамелна юкъадалийра вайзаманахь уггара мехала дериг – лоьран шен мах а, цуьнгара цомгушчунна кхочучу дарбан декъах дерг а – лоьрехь хила еза къинхетамалла.
Your browser doesn’t support HTML5
Пехийн цамгарш йолу нах вуно-вуно дукха бу. Даханчу шарахь, Сайдуллаев Iаьрби-Хьаьжа коьрта лор лаьттачу диспансеран тергоне эцнарг ву в ши бIе ткъе ворхI туберкулез лазар долу стаг, царех цхьа б1е везткъе итт стаг пехийн лазарца ву.
Махкара хьолан терго ечу Iедалехь боцчу нахана хетарехь, терахь дуьззина дац, дукха нах ца боьлху, я ца х1уьтту баха лоьрашна т!е.
Хенан йохалла Сайдуллаев Iаьрби а, Шовхалова Фатима а санна болу лоьраш алсам а бовлуш, дахаран хьелаш нохчийн къоман то а луш юхаяларе сатийсар дуьсу вайна туберкулез санна къиза, хьашт доцу, кхераме цамгарш.