Симферополехь тIеман барзакъ доьхна герзашца хиллачу наха дIалаьцна ATR олуш йолу ГIирмерчу гIезалойн маттахь болх беш йолу телеканал. Цу телеканалан белхахоша Маршо Радионе бинчу хаамца, церан офисана гобинера иттаннаш герзашца болчу наха. ГIирмерчу гIезалойн жигархочо Бариев Эскендера бинчу хаамца, цара талламаш бина телевизионан редакцехь.
ATR теолеканалан корреспонденто Фейсбукехь яздина каналан куьйгалхошца дийцарш дIахьош берш Оьрсийчоьнан кхерамазаллин сервисан а, талламан комитетан а белхахой бу аьлла. ТIаьхьарчу хенахь ГIирмерчу гIезалоша латкъамаш бора шаьш Iедалшкара Iаткъам ловш ду ГIирмана аннекси ярна шаьш дуьхьал хиларна бохуш. ОБСЕ но емал дина Симферополера телевизионна дуьхьал рейд яр.