Шайн пилот кIелхьарваккха гIерта Урданан Iедалш

«Исламан пачхьалкх» тобано закъалтана лаьцна волу шайн пилот аль-Касасби Моаз маьрша ваккхахь, тоьпаш тоха кхел йина йолу Иракъан махкахо ар-Ришави Саджида дIахеца кийча ду шаьш аьлла дIахьедар дина Урдан-пачхьалкхан Iедалан векало ал-Момани Мухьаммада. Хаамийн гIирсаша дийцарехь, цо хIумма а ца элира цу наха лаьцна латтош волчу Японин махкахочух Гото Кендзих лаьцна.

Хьалхо хаамаш баьржинера «Исламан пачхьалкх» тобано видео яржийна Гото вуьйр ву шаьш 24 сахьт далале ар-Ришави дIацахецахь. И зуда чуйоьллина ю 2005-чу шарахь 60 стаг а вуьйш Амманехь терроран эккхийтар дар бахьана долуш.

Оццу видео тIехь аьлла дара ал-Касасби Моазана ваха кхин а къезиг хан йисина аьлла. Японин премьер-министро Абэ Синдзос элира и видео цхьаммо а тергал ян оьшуш йоцуш ю аьлла. Цо дIахьедар дира Японино кхайхкам бина Урадане Гото маьрша ваккхар Iалашонца оьшург дахьара аьлла.

Дечкен-беттан 25-чу дийнахь «Исламан пачхьалкх» тобано дIахьедар дира Японера шолгIа закъалтхо Юкава Харуну вийна шаьш аьлла. Хьалхо тIемалоша Юкавах а, Готох а дехнера 200 миллион доллар.