ХIаагера кхел: Серби, Хорвати декхаре яц вовшашна

Цхьанакхеттачу къаьмнийн организацин ХIаагерчу дуьненаюкъарчу кхело шинарийдийнахь сацамбина, Югослави йоьхначул т1аьхьа, 1991-1995 шерашкахь вовшашца бинчу тIамехь Сербиной, Хорватиной ца гайтина геноцидан масалш, аьлла.

Суьдхочо Томка Питера бахарехь, сербаша шаьш тIом бечу муьрехь лерина бацара хорватийн къам хIаллакдан, уьш, цхьана декъанна, хорваташ даймахках бохо гIиртинехь а.

Иштта, сербашна а ца карийна цу тIамехь хорваташа геноцид латтийра ала бух, боху ХIаагин сацамо. Геноцид латтийна шайна тIехь Сербино, аьлла, дара хорваташа 5 шо хьалха дуьненаюкъарчу кхеле дина арз. ТIаьхьо Серби а ийшира оццу кхелехь, хорваташ шайца тIех къиза лелла бохург тIечIагI ца далуш. Сербина мелхо а бехкедира цо 200 000 хорват махкахваккхар.

Уггаре къиза тIеман мур ларало 1995 шарахь Сребреницехь хорваташ хIаллакбар – оцунна геноцид цIе а туьйхира ХIаагано 2007-чу шарахь.