Осмаев Адам: Мунаев Iисах дисина дарж дIакхехьа хала хир ду, делахь а...

Украина -- Инарла Мунаев Iиса вийначул тIаьхьа Дудаев ЖовхIаран цIарах батальон шен куьйгалле эцна майора Осмаев Адама.

Дуьненаюкъара батальон а кхоьллина, жимма тIаьхьо цу батальонца Украине ваханера Ичкерин инарла Мунаев Iиса. Дебальцевохь бечу тIамехь дIаьндарг а кхетта, вийна иза. Цул тIаьхьа Дудаевн цIарахчу батальонан куьйгалле хIоьттинчу Осмаев Адамца а, Мунаев Iиса вевзаш хиллачаьрца а ду хIара къамел.

Мунаев Iийса Нохчийчохь шуьйра вовза ваьлла ткъо шо хан яра. Дуьххьара оьрсийн эскарш тIамца ДегIастана чу а гIоьртина, къам шен маршо а, шен мохк а, шен пачхьалкхе Нохчийн республика Ичкери а ларйан а арадаьлча, дийна цхьа тулгIе, цхьа плеяда турпалхой гIарбевлира къомалахь, мостагIчух летачохь башха тIеман хьуьнарш гайтина болу.

Бацара уьш, и турпалхой, тIеман академешкахь говзаллаш Iамийна я эскаршкахь карьерийн лакхенашка кхаьчна, зеделларг гулдина болу нах. Уьш маршоне болчу сатийсамо а, шайн къам дезаро, харцо лан ца лааро а арабаьхна нах бара, иза яра церан коьрта академи а, церан коьрта Iилма а.

Цу цIеххьана тIамо гIарбаьхначу турпалхойх вара хIетахь 30 шо герга хилла волу Янди кIотарара орамаш долу Мунаев Iиса а. Соьлжа-гIала ларйеш хиллачу тIемашкахь шуьйра екайолаелира цуьнан цIе, цул тIаьхьа гIала а йитина, тIемалой лаьмнашка дIабахча а, - наха дика тоьшаллаш дора цунна, даима а билгалдоккхура цуьнан шен куьйгакIелахь болчу бIаьхошца йолу юкъаметтигаш а, цуьнан сонта ца хилар а, майралла а.

Цу хенахь дуьйна Мунаев Iиса дика вевзаш хиллачу Исханов Хьусейна иштта дагалуьйцу нохчийн къоман турпалхо.

Исханов: „Дуьххьара тIом болабелча, со инарла штабехь вара гIаличохь, цигахь вевзира суна Iиса, Дала гIазот къобал дойла цуьнан. Юха цул тIаьхьа гIаличуьра тIемлой арабовлучу хенахь а гора суна иза кест-кеста. Цуо вуно майра а, говза а гайтира ша. ТIом дIабаьлча, заводийн кIоштахь милисхойн декъан куьйгалхо хIоттийра иза, цигахь а цуо шен декхар вуно дика кхочушдора.

ШозлагIа тIом баьлча, йистаха а ца Iаш, тIаме вахара иза юха а. Соьлжа-гIалин комендант а хIоттийра Масхадов Аслана, Дала декъал войла иза. Вуно майра а, яхь йолуш а, жимчохь дуьйна шен къам а, мохк безаш а, шеца нохчолла долуш а кIант вара Iиса. Дала иманца собар лойла цуьнан доьзална а, гергарчарна а“.

Ах шо хьалха шега лацалучу кепара гIо-накъосталла шайн маршонехь къуьйсучу украинхошца лацархьама, ша вовшахтоьхначу Дудаев Джохаран цIарах йолчу машар баран батальонца Украине вахана волу Мунаев Iиса цигахь Дебальцево олучу меттигна уллохь хилчу тIамехь кхелхина бохург шийла кхаъ хилла иза вевзаш а, лоруш а мел хиллачаьрна. Боккха эшам бу иза иштта цунна уллохь хиллачу цуьнан накъосташна а.

Ша харц цIе а кхоьллина чохь валлийначу Украинера набахтичуьра араваьлчахьана Мунаев Iисайн батальоне дIа а вазвелла, цунна уллохь хиллачу Осмаев Адама иштта дагалоьцу Iиса.

Осмаев: „Делахь вара иза вуьззина къонах а, дика накъост а, хазанесанна дика кIант а. Тхуна массарна а воккхаволу ваша а, да а санна вара Iиса, Дала декъал войла иза. Хазанехасанна майра вара Iиса, массо а метте уггаре а хьалха кхача гIуртура иза, юха цигара дIадоьлхучу хенахь массарел а тIаьхьаха дIавоьдура иза.

Иштта стаг вара-кх иза. Вуно чIогIа гIо а дина цуо кху Украинехь тIом бечарна. Уггаре а кхузахь хала тIом болчу метте чу а вахана, цигахь чIогIа тIом бира цуо. Дела дукхавезаш а, шен мохк дукхабезаш а стаг вара Iиса“.

Мунаев Iиса дIакхалхарн хьелех лаьцна тайп-тайпана дуьйцу шайна ца хуучара. Цхьаболчара цунна тешнабехк бина, бохуш чIагIдо, вукхара кхин дуьйцу. Iиса лазош а, цул тIаьхьа иза дIакхелхаш а уллохь хиллачу Осмаев Адама дуьйцу, муха а, маца а хилира турпалхочун кхалхар.

Осмаев Адам: „Цуьнца нохчий бара. Вайн накъостийн карахь дIаваьлла иза. Цигахь хазнесанна чIогIа тIом бара боьдуш. Оцу Дебальцево гуонахь цхьа яй санна хIума кхолла гIерташ бара сепаратисташ, гуо бан гIерташ цунна. Цхьана минотана ца соцуш, Градаш а, Ураганаш а, шайн долу герз цу детташ инзаре дукха эскарш дара церан цигахь. Iисайн тоба церан букътIехьахула чу а яхана, артиллерина мичахь тоха еза дIа а гойтуш, шайн Iалашо кхочуш а йина, юха цигара арайолуш яра.

Ткъа арабовлучу хенахь, шаьш ларлуш, дIаловчкъуш хиллачу меттера массо а шел хьалха дехьа а валийтина, тIаьххьара араиккхина волчу Iисайна даьндарг кхеттера. Iисайн турпалалла бахьана долуш цигара вуьш массо а дийна арабевлла, шиъ лазийна ву тхан, амма кхераме лазийна вац и шиъ а“.

Мунаев Iиса кхелхинчул тIаьхьа батальонан декъашхоша шайн керла командир хаьржина Осмаев Адам. Цу даржах ша воккхавеш вац, амма цхьаммо дIа ца кхехьча ца болу Iисас болийна некъ, цуьнан кхалхар эрна ца хилийта а, Украинин маршо а, Нохчийчоьнан маршо а гергаялорхьама а бохуш дуьйцу Осмаев Адама.

Осмаев Адам: „Цхьана мIаьргонна хIара дарж езна вац со, амма иштта нисделла хIара. Цхьаммо дIа ца такхийча ца долу хIара гIуллакх. ХIара хIинца охьа а кхоьссина, вай дIадахча, Iиса а эрна кхелхина хуьлу, тхо иштта гIийла хилахь. Цундела тхо, мелла а чIагI а делла, чекхдовла дезаш ду кхузахь, Дела шен дуьхьа.

ХIинца со нисвелла кхузахь, сол тIаьхьа мил нислур ву ца хаа. Даламукълахь, цу Делан мостагIашна кхин а алсамох хьекъалца а, Делан гIоьнца а ницкъ бан гIуртур ду-кх тхо“.

Мунаев Iиса шен машар баран батальонца Украине вахар тайп-тайпана тудура нохчашлахь. Цхьаболчара сагатдора, хьалхарчу тIамехь дуьйна Нохчийчохь кхонахчаллийца чекхбийлинчех дукха турпалхой а ца бисарна, цигахь цунна цхьаъ хилар кхоьруш.

Шайн ворхIе дай байъина болу мостагIий а бицбелла, массо а тIом а, гамо а Ичкери бохучу дашца лелочу гуттар а шаьш массарел бусулба а, суьпа а лоручу кхечара, - даима дуьненан джихад а, бусулбачийн, керистанийн тIом а, радикалан исламхойн идеологи а кхобучара, - хабарш дуьйцура, Украинехь бинарг тIом а бац я гIазот а дац, бохуш.

Амма Мунаев Iисас ша Украине вахарца дуьненна а гайтира, нохчийн шайн пачхьалкхенан маршоне болу къийсам а, сатийсам а белла боцийла, ямартхоша мел иза моттийта гIерташ къахьегахь а, бохуш дуьйцу Мунаев Iиса дика вевзаш хиллачу Исханов Хьусейна.

Исханов: „Иза Украине вахар тамашийна дацара, ша хьалха Даймахкан маршо якккха гIерташ ша лелийначу некъана тешаме хилар дара цуьнан. Цуо I994-чу шарахь дуьйна дIабаьхьана хилла некъ бара иза. Ичкери ларйан а, вайн пачхьалкхе ларйан а, нохчийн къоман сий а, цIе а ларйан вахана вара иза цига.

Цигахь вукху агIор а нохчий хиларна тIом бан хьовсийна, шайна тIелеттарш нохчи бу бохуш вуно маьттаза хабарш дуьйцуш бара украинхой, вуно йоккха вас яра цаьргахь вайн къомана дуьхьал. Iиса цига вахаро вуно и хьал хийца а хийцна, цу къомаца вайн йолу юкъаметтигаш хазнесанна санна нис а йина, хIума дира.

Украинхоша шаьш вуно веза вуьйцуш а, сийдеш а ву Iиса, цунах лаьцна кху деношкахь украинхоша яздеш долчуо гойту, царна мел дика кхеташ ду, Iисас динарг мел доккха турпалалла ду бохург.

„Шен цIийца нохчийн, украинхойн доттагIалла чIагIди цо“, - аьлла яздинера цхьаммо. Дан а ду иза иштта. Iиса нохчийн къоман бакъволу кIант ву, украинхойн, нохчийн юкъара турпалхо а ву иза хIинца“.

Мунаев Iиса, Нохчийчохь тIамехь чевнаш а хилла, махкара араваьллачул тIаьхьа масийта шарахь Данехь вехаш вара. Цигахь кхин дIа а ваха а, дуьненах а, шен доьзалех а марзо эца а йиш яра цуьнан. Амма иштта чолхе а, тамашийна а бу къонахчуьн кхоллам – къизачу шина тIамехь дийна а висина, къаналле гIурту хан неIаре кхаьчча, оццу мостагIчуьнца, ша мацах къона волуш тассавелла хиллачу, - леташ дIакхелхина иза.