ТIемаш боьлхуш бу Украинин малхбалехь

Украинин малхбалехь хиллачу тIемашкахь вийна 100 гергга сепаратист, 180 сов чевнаш йина ву. Цунах лаьцна хаам бина Шоьтан дийнахь Донбассехь террорана дуьхьал операци дIахьочу Украинин армин штабо. Киев а, Донецкан халкъан республика олу тоба а вовшашна бехкаш дохкуш ю тIеман тасадаларш жигара дахарна.

Сепаратисташа латкъамаш бина Украинин эскархоша 25 герзаш диттина шайна аьлла. Украинин эскаран векалша дийцарехь, сепаратисташа 30-зза герз тоьхна церан позицешна. ГIоьртина хьал лаьтташ ду Дебальцево гIалахь. Украинин президенто Порошенко Петрос дIахьедар дина, сепаратисташа герзаш деттар бахьана долуш герзаш сацоран раж дIаерза мегаш ю, дIа а йолаялале аьлла.