Немцов вер сихха талларе кхайкхина Европарламенто

Бозуш боцу дуьненаюкъара таллам бан беза Немцов Борис вер хьокъехь аьлла дIахьедар дина Европарламенто. Еарин дийнахь цо тIеэцначу резолюци тIехь аьлла ду ОБСЕ-н а, Европан Кхеташонан а, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин а векалш дакъалоцуш хилахь аьтто хир бу, озабезам а цабеш, нийсонца таллам дIабахьа аьлла.

Европарламентан депутаташна хетарехь, Немцов Борис вер уггаре а бIаьрга политика бахьанехь стаг вер ду кхузаманахьлерчу Оьрсийчоьнан исторехь. Путинан режимо оьшуш болу бух кечбина цу тайпа зуламаш дарна аьлла хета Европерчу депутаташна. Евродепутаташна хетарехь, «Кремлан пропагандо Оьрсийчоьнах йина репрессийн а, цабезаман а, кхераман а пачхьалкх».

Хьалхо Iамеркан Сенато резолюци тIеэийцра Немцов Борис вер сихха, массарна а хаьа а хоуьйтуш талла аьлла.