Европерчу массо а мехкашкахь а, Малхбаленан пачхьалкхашкахь а беха Нохчийчуьрчу шина тIамо даймахках баьхна нах. Цхьайолчу меттигашкахь мелла а вовшашца юкъаметтигаш кхобу нохчаша. Ткъа уьш латто цхьа а хьукматаш а, шайлара бевлла лидерш а боцуш беха вайнах дукха хьолехь.
И хьал хийца, Нохчийчоьнах хаьддачу нахана юкъара гергарлонаш чIагIдан, цаьргара къоман ламасташ ца дайта, жимчу чкъорана ненан мотт, гIиллакхаш Iамо лаам шайца кхобу тобанаш а ю дозанал арахьа бехачу нохчашлахь.
Оцу Iалашонца кхоллаелла, масала, Германехь вайнехан жигархойн тоба – Европерчу къанойн кхеташо. Ахшо ду яздархо Хачукаев Сайд-Мохьмад коьртехь а волуш цо къахьоьгу.
Дечух а, дан леринчух а Маршо Радиога дийцира ша Хачукаевс.
Your browser doesn’t support HTML5