Жима ши бер а эцна, Шема яхана нохчо

Шемара тIом

33 шо долчу нохчийн зудчунна дуьхьал бехк-такхаман гIуллакх гIаттийна деношкахь ХIолландин полицино. Иза бехкейо шен ши бер, дега а ца хоттуш, лачкъийна шеца цхьаьна Шемарчу тIемаш лаьттачу Ракка гIала дIадигарна.

ХIоландерчу Iедалан а, берийн ден а ницкъ ца тоьъна оцу зудчо дан леринчунна дуьхьало ян.

Полицина хетарехь, шина бераца харц кехаташца масийтта Европан пачхьалкхах яьлла жима зуда.

Берийн хенаш 8 шо йоьIан а, 7 шо кIентан а ду.

Маастрихт гIалахь ехаш хилла и зуда шен шина бераца.

ТIаьххьара и доьзал гина дахначу шеран ГIадужу-баттахь.

Карарчу хенахь шен шина бераца еха и «Исламан пачхьалкх» шайх олучу тIеман тобанийн ханна шахьара ларалучу Ракка гIалахь.

Низаман урхаллашна хетарехь, цу зудчана гIо хилла джихIадхой Шема а, Иракъе а дехьабохуш къайлаха лелачу тобанера, хIунда аьлча, и зуда лаца Iедало арахецна омра доллушехь цуьнан кадаьлла пачхьалкхан дозанал дехьа яла.

ТIаьххьарчу шина шарахь ХIолландин Iедална хааделла махкахь бехачу бусалбанех иттаннаш Шемарчу тIеман тобанех дIакхетархьама, шайн доьзалаш дIатуьйсуш я шайца буьгуш, Шема дIаоьхуш.

Амма дегара бакъо а йоцуш, бераш а эцна дIаяхана и цхьаъ бен яц зударшлахь, билгалдоккху Хiолландин зорбано.

Маршо Радион къамел хилира Австрехь вехачу Аьрсбин Абубакарца. Иза кIоргга дин а девзаш бусулба стаг ву. Цунна инзаре хета нохчийн жима зуда шен лааме яьлла, уллехь цIинйдаа воцуш, иштта маьрша лелар.

Абубакар: «Шен ойла а йина, шех дуста деза стага цхьа х1ума т1е1оттаделча.Т1е ма дайла иза шен чу я нехан чу и саннарг т1едарах.Хаьттина х1ума а доцуш, мича йоьда а доцуш, юххехь стаг воцуш нехан ц1ент1ехь йолу зуда д1аяхар. Хьерадаьлла х1ума ду-кх и соьга хаьттича".

ХIолландин юстицин министралло тергоне эцна ву 180 джихадан ойланаш шайца лелаш, Шема дIавахана бусулба стаг. Царех 35 юхавеана, вийна тIамехь 21.

ХIинца ХIолландин Iедало талламаш жигара баьхна и жима зуда яьхначу Маастрихтехь. Иза къастош ду, мила ву джихадан ойланаш кегийрхойшлахь кхиошверг, уьш Шема кхачош а, дозанал арабохуш гIо деш а.

ХIолландин низамхоша бахарехь, нагахь санна и зуда Шемахь елахь, ницкъ бац цунна доггIу таIзар дан – Шемица цхьа а юкъаметтигаш яц ХIолландин.

Охан-батттахь Оьрсийчуьра зудий-майрий Дынько Павел а, Гюзель а шайн карарчу бераца цхьаьна лаьцнера Шема тIаме даха новкъадаьлла. Дов листинчул тIаьхьа царна Iедало набахтехь яккха цхьа шой, 5 буттий хан туьйхира.

Дукха хьолахь Шемара юхабахказа буьсу цига баханарш. Цхьаццаберш шаьш арабевллаче юха а кхочу. Олийла дац цара юьхьарлоьцу некъаш церан шайн проблема ю.

Уьш бахьанехь Европехь меттигерчу Iедалша цатешамца луьтту бухахь беха эщарнаш нохчийн. Дериг къам дIатардо дуьненца гамделлачу адамийн декъах-джихIадхойх цхьаццаболчу хаамийн гIирсаша а.