Геремеев Руслан лоьху талламчаша

«Коммерсант» газето хаамбарехь, Немцов вер толлуш низамхой лерина бу полицин эскаршкарчу «Къибаседане» цIе йолчу батальонехь эпсар лаьттина Геремеев Руслан леван. Талламан комитетна хетарехь, лецна латточу Дадаев Заура а, Эскерханов Тамерлана а хьалхо динчу тоьшаллашца а догIуш, тарло и стаг оппозицин лидер веран декъахь хила.

Ткъа Дадаев а, Эскерханов а тIаьхьо юхавелира шаьш динчу даренех – цундела теш санна хаттаме кхойкхуш ву Геремеев, «Коммерсанто» бахарехь.

Хьалхо «Новая Газета» («Керла Газета») олучу хаамийн хьостано а яздинера, шена хетарехь, хьаькамаллехь болчу ГеремеевгIеран Руслан цIе йолу майор хила тарло Немцов вен нах хьажийнарг, аьлла. «Керла Газето» чIагIдо, иза Нохчийчоьнан цIарах Федерацин Кхеташонехь векал волчу Геремеев Сулиманан а, Пачхьалкхан Думин депутатан Делимханов Адаман а уллера гергара стаг ву бохуш. Немцов вийна Москох Чиллан-беттан 27 дийнахь.