Сталинан заманахь лелийна къизаллаш гойту Пермь−36 музей дIакъовлуш ю Iедалша

"Сквозь грозы сияло нам солнце свободы, и Ленин великий нам путь озарил..." - аьлла Советан пачхьалкхан гимнан дешнаш ду кхуза богIучу нахана уггаре а хьалха гуш дерш 

Лагеран администрацин хIусам

Лагеран "Къовламан" зона.  "Пермь-36" лагерехь ши зона хилла, къовламан а, ша-тайпан а раж латтош йолу. 

1969-чу шарахь йина "ГIуданан изолятор" хилла лагерехь йолу ша-тайпа набахта.   

Iуналла дон бIов. Кхузара дIа тергонехь латтош хилла зонехь хуьлург.  

1972-1975 шерашкахь МВД-н цIарах куратор болх беш хилла 36-чу колонехь Терентьев Анатолий. Цунна хетарехь, музей сихонца йохо езаш ю. Иза кхоьллина болу нах (историкаш) "пятая колонна" ю боху цо.

Лагеран блокаш йина 1946-чу шарахь. 

Къовламан раж лаьттинчу зонехь болчу некъаца дийна ду дакх (береза) олу дитташ.

Iаьнаран яйш долчу чохь кIора схьагулбеш ву белхало. Музейн директоро дийцарехь, кхузахь болх беш хилла  "Пермь-36" лагерехь латтош волу советан заманахь диссидент хилла волу бакъонашларъярхо Ковалев Сергей. 

"Гулаг: истори, болх, дахар" цIе йолу музейн гайтам бу кхузахь, "Перми-36" лагеран коьрта экспонаташ цуьнан гIишлош елахь а. 

"Перми-36" музей кхоьллинарг ву историк Шмыров Виктор. Цо дIакхайкхийна музей дIайоккхуш хиларх лаьцна. Iедалш дагахь хилла и музей шайн балансе эца, Советан пачхьалкхехь хиллачу репрессех лаьцна болу гайтам дIа а къевлина. 

"Пермь-36" йоцург кхин а масийтта цу тайпа лагер хилла Перман крайхь.

Сталина кхоьллинчу репрессиван машенах лаьцна дуьйцуш йолу "Пермь-36" цIе йолу музей гучура дIаяла мегаш ю, амма эзарнаш бехк боцу нах хьийзийна волу Сталин юха а сий долу турпалхо хуьлуш ву Оьрсийчохь.