Шайна юкъахь конфликт яц аьлла дIахьедар дина Еарин сарахь Украинин президенто Порошенко Петрос а, Днепропетровскан областан куьйгалхо хиллачу олигархо Коломойский Игора а. Коломойскис дийцарехь, цуьнан Порошенкоца дика юкъаметтигаш ю, цхьа а цакхетам а бац.
Шен агIор Порошенкос дIахьедар дина, Коломойский а, цуьнан накъостий а хила ма-безза болу Украинин патриоташ бу аьлла. Цо билгалдаьккхина Украинина тIе хала хан хIоьттинчу хенахь Днепропетровскан куьйгалхочо вуно чIогIа къахьегна хилар.
Коломойский Игор балхара дIаваьккхира Зазадоккху-беттан 25-чу дийнахь, цо «Укрнафта» компанин офис дIалаьцначул тIаьхьа.