Дела денна аьлча санна стамлуш ду Москох дуьненан шозлагIчу тIамехь толам баккхаран де даздан цабогIучу Малхбузера а, доллу дуьнентIера а куьйгалхойн тептар.
Оршоьт дийнахь Норвегин арахьарчу гIуллакхийн министралла рогIераниг хилира, шайн пачхьалкхан лакхарчу Iедалийн векалш цу даздаршка гIур болуш бац аьлла дIахьедар динарг. Цу хьукматан куьйгалхочуо Берге Брендес Норвегерчу хаамийн гIирсашка ша еллачу интервьюхь билгалдаьккхира, Норвегин Iедало Толаман Парадехь дакъалацар – иза харц сигнал хир яра, аьлла.
Шен урхаллин векалш Москоха цабахаран бахьана Оьрсийчоьно дуьненаюкъара бакъонаш хьешарца а, Украинерчу хьолана дестабилизаци ярца а доьзна хилар а хаийтира цо.
Иштта оршоьт дийнахь баьржира Японин премьер -министр Абэ Синдхо а Москохарчу даздаршка вогIур вац боху хаам. Жимма хьалха, хуш ма-хиллара, ша Оьрсийчу Толаман парадехь дакъалаца гIур яц аьлла дIахьедар динера Германин канцлеро Меркел Ангелас.
Цуьнан прессица болхбаран векало Зиберта динчу дIахьедарца, немцойн канцлеро Толаман даздаршкахь дакъалоцург ца хиларх болу сацам хилла баьлла. Бакъду, Германин куьйгалхо цул тIаьхьа шозлагIчу дийнахь гIур ю Оьрсийчу, Дуьненан шозлагIчу тIамехь кхелхинчу салтийн сий ца деш ца Iерхьама, цо цавевзачу салтичун хIолламна хьалха зезагаш дохкур ду.
ХIинцале а официало дIакхайкхина ду Вашингтонерчу Iедалша, Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент Обама Барак а Москоха гIур ца хилар. Оьрсийчу ца боьлхучу дуьненан пачхьалкхийн куьйгалхойх ву иштта Францин президент Олланд Франсуа а, Британин премьер-министр Кэмерон Дэвид а, Польшин президент Туск Доналд а, ткъа иштта Финляндин а, Нидерландийн а, Балтик хIурдана гуонах Iохкучу пачхьалкхийн куьйгалхой а.
Венерчу Малхаблерчу Европин талламийн институтан Iилман белхахочунна Чапханов Русланна хетарехь, хIинцалерчу Москохарчу даздаршна дуьненан куьйгалхоша цу кепара бойкот яро гойту, Оьрсийчоь мел цхьа юьсуш ю шен яккхийчу амбицешца а, агресси ечу политикца а бохург.
Чапханов: «И тIом дуккхаъчу пачхьалкхаша вовшах а кхетта, толам баьккхина тIом белахь а, хьалха Советан пачхьалкхено а, хIинца Оьрсийчоьно а цунна цхьа монополи а кхайкхийна, толам баьккхинарг шаьш бен доцуш санна дуьйцура и хIума.
ХIинца иза фашисташна тIехь толам баьккхина пачхьалкхе йолчуьра агрессор-пачхьалкхе хилла. Цундела цецволийла дац дуьненан кхиинчу пачхьалкхийн куьйгалхой Москоха хIинца ца бахарх».
Шайн агIор Оьрсийчоьнан куьйгалхоша цхьа могIа дIахьедарш дина, Малхбузера куьйгалхой Москохарчу Толаман парадехь дакъалаца цабахакарх. Церан юкъара маьIна, Кремлан администрацин куьйгалхочо Иванов Сергейс ма-аллара, «Оьрсийчоь мегар ю, цхьаъ цу даздаршка ца вогIуш Iерах» бохучу хьесапехь ду.
Политологна Чапханов Русланна хетарехь, Оьрсийчоьннна вуно Iаткъаме ду дуьненан куьйгалхоша ша дIахьош долу даздарш тергал ца деш дитар.
Чапханов: «Дера ду и хIума царна вуно Iийжаме, уьш иза ца гайта гIертахь а. Цхьа а кепара юхькIам бац я Оьрсийчоьнна а, я цуьнан хIинцалерчу куьйгалхошна а Малхбузерчу лидераша шаьш уьш хьошалгIа кхайкхар тергал а ца деш дитар».
Цу юкъана иштта башха еса хир яц стигалкъекъа беттан 9-чохь ЦIечу Майданахь хьешашна лерина йолу меттигаш. ХIунда аьлча хIинцале а ша цу даздаршка вогIург хилар тIечIагIдина Къилбаседа Кореян баьччано Ким Чен Ына а, Сербин, Черногорин, Грецин куьйгалхоша а.