Оьрсийн оппозиционер Борис Немцов вер толлуш, кхеле валийначу Дадаев Заура кхаарийдийнахь дIахьедина, ша декъахь вац зуламна, Немцов вуьйчу сахьтехь, ша и вийначу меттигна герга хилла а вац, аьлла. Ша хьалха бехк тIеэцнера шена ен гIело лан а ца елла, аьлла цо кхеле.
Иштта, кхело харцонца лаьцна аьлла дIакхайкхийна Немцов вуьйш дакъалацарна бехке ву аьлла талламчаша набахте кхачийна кхо стаг – Бахаев Хьамзат, Губашев ШахIид, Эскерханов Тамерлан. Амма оццу Москохарчу Басманан кхело юхатоллур ду кестта и кхоъ лаьцна витарх долу талламчийн дехар.
Оцу юкъанна Немцовца доттагIаллехь хиллачу политико Яшин Ильяс Фейсбукехь яздо, зуламан да Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а ву, ша а, шен накъостий а иза кхеле озо а хьовсур ду, аьлла.