Луьттуш бу лоьраш Нохчийчохь

Аптекехь

Нохчийчуьрчу лоьрийн говзалла а, цаьргара адамалла а талла декхаре йина махкара кхерамазаллин кхеташо. И болх муха бийр бу цкъачунна хууш дац, амма бакъду, дукха аьрзнаш хеза Iедална нахера, лоьраш шайца дика бац, бохуш. Цундела айдинчух тера ду зераш а.

Махкахь мел йолчу дарбанан хIусамашкахь, къайлаха талламаш бинера Нохчийчохь. Уьш чекхбоьвлча, гучудаьлла, да воккхавийр воцу сурт. Кехатийн тоьшаллаш доцуш, муьлхха а справка лоьраша луш хилар а, ахча оьцуш хиларал сов, иза доьхуш хилар а, дуккхаъчу меттигашкахь цомгушчу наха молханаш шаьш оьцуш хилар а.

Оцу хIуманна лерина яра Нохчийчьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIаяхьна кхеташо. Лоьрашкара йолу харцонаш а, цхьацца долу зуламаш а, билгалдехира цигахь. ХIинца, кхерамазаллин кхеташонна тIедиллина цигахь къепе хIотто.

Нохчийчохь даиманна деш дара лоьрашна аьрзанаш. Цундела, дукхачу нехан шортта дара цуьнах дийца хIума.

Махкахь Маршо Радиоца къамеле бовла, кхечу хаттаршна нах каро атта ца хуьлу, амма, могашалла ларъяран системийн хьокъехь, уьш леха а ца безара. Ша верриг аьлча санна, тIетайра царна буьллучу бехканна.

Дуьйцу Аргун-гIалара вахархочо Идрисов Лечас.

Идрисов: «Нохчийчохь лоьраша ахча оьций аьлла, хаттар дича, чIогIа цецволу со. Ахча ца оьцу аьлла хаттар дича-м, гуттара а цецволу. Дера оьцу-кх. Ахь мел лу-м оьцу. Гергарчу цхьана зудчуьн кIант, лата Iемачочохь, яIне лазийнера цуьнан. Дарбанан хIусамехь травматологна тIевигча, цо иза кIнат чу а вигина, 2-3 минот а яьккхина аравалийтира. ТIаккха, нана а кIант сехьадаьлча, оцу лоьро шен гIоьнча йолчуьнга элира, тIе а гIой, цаьргара 200 сом схьало ала аьлла. Вукхо тIе а яхна, цаьргара иза схьаийцира».

Нохчийчохь, тахана иттанашкахь ю, кегий а, яьккхий а дарбанан хIусамаш. Тоьлла гIирс а бу, диагностика еш болу лаьтташ. Хийлазза гина сурт ду: дарбана хIусаман кертахь шерашкахь лаьтта, инзаре дукха мах а белла аппаратура,цу тIехь болх бан говзанчаш боцу дела. Оцу хьолех а цецваьлла Идрисов Леча.

Идрисов: «Суна кхечанхьа муха ду ца хаа. Цомгуш болу нах, цхьаццанхьа дIасабоьлху Оьрсийчоь мел ю. Амма, цхьа хIума хаьа суна вай Нохчийчохь, кхечанхьа боцуш болу лоьрийн гIирс бу, таронаш ю. Амма, говзанчаш бац вай. Лоьро хьан церг дIаяьккхича, лоьран молхех сом кховдор-ша ду. Амма, хьо поликлинике вахча, хIара справка я, важа я, бохуш дуьйцу. Ткъа, и справкаш, ахча ца делча, цхьа а луш яц».

Лоьрашна аьлча а, царна ахча дукха дезарна арз деш ю Соьлжа-гIалара яхархо Иналова Iайнаъ а. Бераш дуьнечу довлучу дарбанан хIусамашна, леррина терго ян езара, элира цуо.

Иналова: «Оцу бераш даран хIусамашкахь, ахчанаш оьцуш дуйла хаьа суна, кхечанхьа дерг ца хаахь а. Ас айса а делла, сайн лулахо а эцна йига яхча. Чуйижош, 400 сом схьадийхира, паргIат яьлча 5 эзар сом схьало элира. Стохка сан йоIан марда дарбанан хIусамехь волчу хенахь, баьццарниг, лейкопластырь, йод, кхи мел йолу хIума оьцуш яра оха. Ас могашаллаIалашъяран министралле телефон туьйхира».

Лоьрийн дарбанех дийцар кхоччуш хир дацара, церан дог-ойла ца йоьвзича. ИссолгIачу дарбан хIусамера лоьро Батаева Iалета, шайна тIера бехк дIа ца боккху, амма, шех жоп дала лур ду шега, боху.

Цхьана куьйга тIехь мел долу пIелгаш а дац цхьатерра, элира цуо.

Батаева: «Суна цхьа хIума ала луур дара. Ас айса болх бечу хенахь, цхьанна стаге ахча дехна дац. Ас иза дича, суна со лор хетара а ма яцара. ХIара базар ма яц. Цомгучу стагера ахча дехар, иза цхьанна а агIор догIуш хIума дац».

Муьлххачу лаккхарчу доьшийлехь, уггаре а йоккха конкурс йолу факультет ю лоьраш Iамош берг. Цига деша боьлхурш, дикка таро йолчу доьзалера нах бу. Лоьраш соьмана тIаьхьабоьвлла хилар, цигара дуьйна схьадогIуш хIума ду.

Амма, цхьана лоьрийн тIагIанехь къепе хIотторах толур яц я медицина а, я цомгушчийн могашалла а. Коррупци кхетта ю кху пачхьалкхехь мел йолу агIо.

Иза ша дерриг вовшах хIоттаелла зIе ю. Цу юккъера цхьа дакъа дIадаьлча, оцу системо ловр долуш дац иза. Цуьнан меттан, сихонца кхидолу дакъа дIахIоттадо. Ткъа, шуьйрачу барамехь, коррупцийца къийсам дIабахьа, хIуттуш цхьа а вац.