Малхбале, Малхбузе, мухIажирш, чамданаш...

"МухIажирш". Урдунера нохчийн суртдиллархо Везаш.

ДуьнентIехь 2014-гIачу шарахь, шен хIусамах а воьхна, мухIажир ваьлла миллион стаг. Царех ах сов дакъа кхаьчна Европе, важа дакъа – Iамерка а, Малхбалерчу мехкашка а. Дуккха а нохчий а бу цу декъахь. Тхан къамел хилира иштачех цзьаьнца. Иза йоккха ца е шега кхаьчначу декъах...

Дахначу шарах бакъо йоллуш мухIажиран шо ала мегар ду - кху 25 шера чохь цкъа а ца лелла оццул дукха нах, цIийнах-цIарх а боьхна, бехаш болчу мехкашкара а бевдда, кхечу пачхьалкхашка тховкIело йоьхуш.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин мухIажирашкахула йолчу агенталло бечу хаамца, стохка шайн-шайн махкара ведда миллион гергга стаг. Доккхачу декъанна, терахь дестарна бехке бу Шемарий, Иракъерий тIемаш.

Уггаре дукха мухIажирш чубаьхкинарг ю Германи. Оцу махке тховкIело ехна 200 эзар гергга наха. Цунна тIаьхьайогIу Iамеркан Цхьанатоьхна Штаташ, Туркойчоь, Швеци, Итали – оцу еа пачхьалкхе кхаьчна дуьнентIехь мухIажирш бевллачех 60 процент.

Кху тIаьххьарчу бIешарахь цкъа а ца леллачу кепара гуманитаран кризис эккхийтина Шемарчуй, Иракъерчуй конфликто, элира журналисташка деношкахь мухIажирийн агенталлан пресс-секретара Флеминг Мелиссас.

ДуьнентIехь нохчий дукха бацахь а, вуно доккха дакъа ду царех даймохк битина дехаш. Бакъду, я Оьрсийчоьнна а, я Кремлан багахьаьжжина болчу Нохчийчуьрчу хьакамашна а пайде дац махкахбевллачийн чот ян – цундела официало зийна а, цо довзуьйтуш а дац билггал масса эзар нохчо, дайн кхерчах а воьхна, хан токхуш ву Европехь, Iамеркахь, Малхбалехь. Ткъа шаьш оцу наха даладо терахь ду 250-300 эзарне кхочуш.

ДецIахь тIемаш буьйлабелчхьана махкахбевлла дуьнентIехула баьржина бехачу нохчех, юккъерчу барамехь аьлча, доьалгIа дакъа деха мехкаша тIе а эцна, бахархойн паспорташ а делла. Ши дакъа ду еккъа дIа баха бакъо елла, цхьа дакъа ду хIинца а шех хиндерг а ца хууш, тIебиссинчу махкаша официалехь тIеэцаза дуьсуш.

Тахана а Нохчийчуьра бовда бахьанаш доху меттигерчу Iедало нахана. Уьш я церан гергарнаш хьийзабо, цхьацца низамехь боцу бехкаш тIе а хьерчош.

МухIажирийн некъаш бовзуьйтуш ду Маршо Радион Францерчу Iайшатца хилла къамел. Цхьана махкахь шена яха бух ца нисбелча, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацино хIоттийна низам а дохош, кхечу махка а яхана, яьккхина цо шена мухIажиран бакъо. Ялх шарахь гергга сатийсина «позитив» елла цунна кхо кIира хьалха.

Your browser doesn’t support HTML5

Iайшат: Ма ца ийши тхо Нохчийчоьнна!..

Iайшатана кхаьчначу мухIажиран новкъахьверг кхетар ву кху тхан диалогах. Эзарнаш бу цунна хала балийца кхаьчна цIен кехат-позитив ларъеш, хан токхуш дуьненан еа а маьIIехь.

Уггаре ирсе а, массарел токхе а мохк бу боху Оьрсийчоьнан пропагандано тахана Нохчийчоь. Амма кIуо, къаьхьа бу шайца даймохк, аьлча а, и дола эцна нах, шаьш царех Iалашдахьара бохуш уьдуш-м бу тахана а Нохчийчуьра дуккха а нах.