Даймахкал арахьа шозза хала ду нохчалла Iалашдан

Австри --Шайн берашна нохчийн мотт хьоьху цхьаболчу дай-наноша, 30ГIу2013

Малхбузерчу пачхьалкхашкахь бехачех муьлха а нохчийн доьзал схьаэцча, церан уггаре а хьалхарчу могIаршлахь лаьтта коьрталазар – иза доьзалан кхетам-кхиорца боьзна хуьлу.

Дукхахчара цуьнца цхьаьна дицдо, дозанал арахь делахь а, Даймахкахь делахь а, я цхьанхьа халбата а хиъна, дуьненна пен а тоьхна стаг вехаш велахь а, шен доьзална Iунал дар, цуьнца кхетам-кхиоран болх бар, цунна шен къоман Iатадаш а, гIиллакхаш а Iамор, Iамийна ца Iаш, уьш цунна марздар – иза вуно чолхе болх хилар, ткъа и болх уггаре а хьалха дас-нанас бан безаш, церан коьрта декхар хилар.

Я Iедал, ишколаш, я берийн бошмаш, я урам, я гуонахьара нах а боцуш, уггаре а хьалха дай, наний шайн доьзалхошца и болх бан декхарийлахь хилар а.

Ткъа цара шаьш и болх бахьа безачу тIегIанна тIехь дIахьош ца хилча, тIаккхий бен вайнах сел чIогIа кхоьруш болу и къайлене «хийрачийн вуон тIеIаткъам» берашна хила йиш ца хилар а.

Цу тIеIаткъамах кхоьруш, вайнахал а хьалха Европе баха схьабаьхкинчу кхечу къаьмнех болчу наха а яьхна дуккхаъ гIулчаш, къаьстина бусулбачара. Масала, бусулба ишколаш схьайоьллуш, бусулба берийн бошмаш, дийна кIоштанаш бусулбаниш бен ца беха кхуллуш, вовшашлахь бен юкъаметтигаш а, доттагIаллаш а ца лелош.

Амма и дерриге а хIара аьлла жамIа доцуш дисина, дукхахьолахь, хIунда аьлча, дай-наной шаьш шайн доьзалшкахь бан безаш болу болх шайн метта кхечара, - хьехархой хуьлда уьш я берийн бошмашкара кхетам-кхиорхой, я маьждигашкара имамаш, цу кхечара и болх баре сатесна, шаьш йистах бовлар бахьана долуш.

ХIинца цу харц лорехула боьлхуш санна хетало Европера вайнах а, нохчийн маьждигаш я нохчийн берийн бошмаш схьаелла сихбелла болу.

Бакъду, мухIажаршца белхаш бечу говзанчаша чIагIдарехь, цхьана къомана шен башхаллаш а, мотт а, култура а, Iадаташ а лардан лууш делахь а, и хазна ларйаран болх доьзалера дIаболабала безаш бу.

Берлинерчу цхьана дикдаран юкъараллехь психологан болх беш волчу Довлетмирзаев Ахьмадна хетарехь, уггаре а боккха бала Малхбузерчу нохчашна хьалха хIоьттинарг – иза дай-наноша тоъал шайн берашна хан ца яйъар, цаьрца кхоччуш хабарш ца дийцар, юкъаметтигаш ца ларйар.

Довлетмирзаев: «Да-нана гIелделла балхара чудеъча, церан карах ца долу берашца хан яккха. Бераша хIун леладо цхьанна а ца хаьа. Амма царна дIахьеха дезаш ма ду дерриге а. ГIиллакх, оьзденгалла, Iадаташ – и дерриге а шайна дIа ца хьехча, царна мичара хуур ду иза хIун ю я муха хила деза.

Арахь гонахарчу наха лелош дерг лелон лаьа тIаккха берашна. Кхузарчу нехан менталитет кхин ма ю. Кхеран хаза менталитет ю, хаза шайн Iадаташ а ду, амма вайн Iадаташ кхечу кепару ма ду, уьш вай хьеха деза вайн берашна».

Шайн доьзалхошца юкъаметтиг дIахIоттон ца хаар, и бахьана долуш дай-наной йиш йоьхна хилар лору Венерчу зударийн цхьаьнакхетараллин куьйгалхо йолчу Сулейманова Маликас а, карарчу хенахь Австрехь бехачу вайнехан халонех цхьаъ. Шен «Фрауенрат» цIе йолчу цхьаьнакхетаралле хьехарш лоьхуш оьхучу зударийн массалина тIера дуьйцу цуо.

Сулейманова: «Доьзалхочо де аьлларг ца до, хIун дича бакъхьара хир дара -те олий богIу тхо долчу зударий. ТIаккха я ненан агIо а, я беран агIо а ца лоцуш, царна юккъехь маслаIат дан хьожу со. Цу берашна хан хьажон еза, цаьрца къамелаш дан деза. Амма нагахь санна балхара гIелйелла нана я да цIа деана, церан хьашташка хьажа ницкъ боцуш, Iад Iийча, тIаккха цу бераша арахь шайн гуш дерг схьа оьцу. Дай-нанойн бехк хета суна иза. Мел гIелделла шаьш делахь а, дийнахь цхьа сахьт хан цара шайн доьзалшца болх бан хьажийча, и бер атта кхетон йиш ю».

Кхин цхьа кхачамбацар а хьахадо мухIажаршца болх бечу Берлинерчу синан лоьро Довлетмирзаев Ахьмада. Иза, цо дийцарехь, Европехь дIатарбала гIертачу нохчийн доьзалшкахь хIуъу дина а дуьненан рицкъ даккхар лаккхарчу тIегIанна тIехь хилар а, дешар дукха генарчу Iалашонашна юккъехь хилар а ду.

Довлетмирзаев: «Кхузахь деша луучарна кхоьллина массо а тайпа аьттонаш бу, амма вайчара цхьаццаболчара ца доьшу. Хийла арахь вогIуш-воьдуш вайнехан кегий нах го суна, ченаш бузий, цхьацца ницкъ оьшушчу белхашкара схьабогIуш. ТIаккха ас олу цаьрга, дукхадахарш, деша стенна ца доьшу аш? И хала белхаш бан шу кхуьур ма ду мичча хенахь, олий. Кхузахь кIеззиг бу вай къомах болу лоьраш, адвокаташ, цхьацца хуькматашкахь хьаькмаш. Дешча хир ма бар уьш алсам».

Хийла кхечу къаьмнаша, нохчел хьалха а арабаьккхина а, лайна а некъ бу – хийраллехь керла дахар долор а, цу керлачу дахаро йохьучу халонаша кайохор а, кхерам тийсар а.

Муьлхачу а динца тергал дича а, Адам, Хьавай ялсаманера ара а даьккхина, цара лаьттахула шайн дуьххьарлера гIулчаш яьхча дуьйна схьайогIуш ю адамаллин исторехь мухIажаралла а, хийра меттигаш йовзар а.

Цу хийрачу меттигашкахь долу диканарг схьаэцар а, вуониг юьстаха дитар а хIоранна а хьекъалан а, кхетаман а бараме хьаьжжина хуьлуш хилар а гойту историно.