«Къизаллина дуьхьало ечу комитетан» («Комитет против пыток») аьтто ца баьлла ша куп тоьхначу Нижний Новгородерчу кхелехула ша арахьарчу мехкийн агент йоцийла тIечIагIдан. Комитет агент цахилар кхело даре цадар харцо ю, ша дов кхин а лакха лур ду, аьлла, дIахьедина цуьнан куьйгалхочо Каляпин Игора.
Шена новкъа ду «къизаллина дуьхьалояр кхело пачхьалкхан политика тхо хийца гIерташ санна тидар», аьлла Каляпина журналисташка. «Къизаллина дуьхьалоен комитет» «арахьарчу агентийн» могIара язйина, дуккха а кхийолу юкъараллаш а санна, Оьрсийчоьнан юстицин министралло хьалхо.