Лекъаш яц вайнехан барта кхолларалла

Компьютеро карладаьккхина дахар - шарж

Забар адамашна шатайпа мукъ хилла яьхна нохчийн къомаца. Вайн ярташкахь гIаланашкахь шашах кхоллало самукъане дийцарш, аларш. Нохчийн барта кхолларалла кхидIа а кхуьуш юйла а гойту оцу хьоло. Гойту нохчийн амалехь доцийла халонашна стаг кIел а вуьсий вухий, воьлхуш вехаш.

Вайнехан кицанаша а, аларша а, дустарша а санна, ненан мотт хазбеш, тобеш, кIаргбеш, шайнчул дакъалоцу, шен меттахь забаре аьллачу дашо а.

Цу могIарера ду аьлла хетало кху муьрехь суна ларамаза хезна хIара аларш.

Арахь йочане де я буьйса хилча, нохчашлахь хаза тарло: «ЮргIанах топ а йина, вижина Iуьллу хан ю хIара а».

ХIинцца –хIинцца пхьоьханехь къамел деш, цхьана гIеметта хIоьттинчу вахархочо боху шен юьртахо хьахавелча: « Шурица чIагIделла эса а лоцуш, тIахъаьлла стаг ма вара иза». И бохург хIун ду аьлча, цо кхетийра, ненах дакха а декхаш, ондадаьлла эса бохург ду.

Шатайпа кIорге йолуш ду хIара дешнаш а. Шен нус а, кIант а далхош ю кхузткъе иттара яьлла зуда. Несо кIант шен долаваккхар билгалдоккхуш цо боху: «Моьттур ду кхо иза урчакх а хьовзийна ваьккхина».

Схьагарехь, хьалха заманахь, тIаргIа луьстуш, урчакх хьовзорехь, белхи а беш, хьуьнарш зуьйш, къийсадаларш дIахьуш хилла хир ду-кх мехкаршлахь. Хадам боллуш ала-м хаац.

Цхьайолу забарш ахкаме а ехкина, зийча гучудолу, шен хенна аьллачу самукънечу дашо, хийла девне ерзо тарлуш йолу меттигаш, диканца ерзийна хилар.

Цу могIарера ю хIара забар. Мацах цкъа маIабаьлла боьдуш синкъерамаш а болуш цхьа безамехь, зоьртала, товш дегI долуш кIант юкъаваларций цхьамма эккхийтина «БIиж волу!». ХIара-м кийчча дов ду аьлла, пондар-вота а сецца, адам дIа а тийна тийналла хIоьттина.

Кхин вохар доцуш, хелхарна юкъаваьллачу кIанта мохь тоьхна: «Со бIиж винехь, дена эхь ду, къотIалгIа винехь нанна эхь ду, кIант ледара велахь, суна эхь ду, дIалакха пондар, дIатоха вота!».

Халкъан барта кхолларалло а, Iилманчаша а даре а деш нохчий мел халонаш тIехIиттарх ца кхоабелла забаре дош ала. Мичча хьелашкахь забарна тIера хилар вайнехан амалан цхьа билгало ю аьлча, харц хир дац.

Ша балха мосазза воьду совсийна бепиг хьуш хилла даьхнийлелорхочо Новрдис. Цунна товш хилла и бепиг баьхьнехь шен зудчун хьуьнарийн накъосташа лакхара мах хадош.

Цхьана дийнахь, кхуьнга «къурд» алийта дагахь, белхан накъосто кхуьнга аьлла: - Хьенех, хIинццалц говран мерIуьрг санна кIеда а, буй биттича тIера ца валлал чомехь хуьлура хьан бепиг, тахана-м галдаьлла хIара. – ХIун хилла? - хаьттина шекваьллачу кхо.

- ХIун хилла бохург хIун! Хи санна теза а ду, аьрга хьач санна муьста а ду-кх! –ХIа-а,со вицвеллера шуьга ала,- бIаьрганегIар ца тухуш, хазийна Новрдис,- и кху чуьрчо дина ма дац, сан нанас дина ма ду!

Дика кеп а йолуш автобус тIера охьавоьссина кхузткъара ваьлла Къада, юхавоьрзий цхьанна-м дов а дещ, яппарш а еш. ХIара сел дера гича, социйлехь лаьттачу кегийрхоша хаьттина: «Ва, хьенех, хьо ма оьгIазе ву, цу зударша хIун бохура хьоьга цу беса?

– Шайна цадогIург дуьйцу-кх, кхин хIун бохур дара цара?! Ваша велла цхьа бутт а балале мала а мелла лелаш ву бохуш, суна хьехамаш беш бу-кх, кхел ярш!- дерзийна Къакъас къамел.- Деллахь иза-м лартIа дац, - аьлла кегийрхойх цхьамма, - нанас хьайн дена вина ваша велча а ца мелла ахь маца мала деза иза? ГIеххьа гал а вуьйлуш воьдучу Къакъас, юха а вирзина аьлла: « Хьан дена сетта неIалт, и муха боху ахь»? ГIуллакх кхин гена далале кегийнарш бевдда.

Цхьана хIусаме гулбелла сакъоьруш Iаш хилла юьртахой. Буй тоьхна гIабакх хьан йохор яра аьлла, къовса сацам хилла церан, цхьа кисет юьззина томка диллина тоьллачунна. Буйнаш бетташ, къардайна шовкъе хьийзаш хIорш а болуш, тийна-тIаьIIа чуваьлла кхеран тайпана ваша, къоро волу Хьамад.

ХIорш хIун деш бу, ша дуьхе кхиъча, ша тоха мегар дарий буй хаьттина цо. Шена пурба даларций буй тоьхна цо гIабакхех кескаш йина, томка а доладаьккхина. ТIаккха бухарчех воккхачо жамI дина: «Цо тоьххарг буй бара, аш лестийнарг мох бара».

Мел хало Iовшарх, дохийначу шерашкахь а, мел луьра тIемаш тIехIиттарх йитина яц вайнаха забарш. Йитина яц, гарехь, къа-бала бицбан, ницкъала халонаш эшо, дарбане молха санна, уьш шайна беркате карорна.