Де дийне мел долу а чолхечу доьрзу шемахойн хьал тIаьхь-тIаьхьа кIезгоха а хьахадо хаамийн гIирсаша а. Цу къомо баланаш хьегар а, тIеман къахьо а, шело а, мацалла а лар иштта цхьа а цхьа а цец ца воккху, ца хилча ца долу хIума санна тIеоьцуш санна хетало доллучу дуьнено.
И хIума къобал дан мел хала делахь а, амма цуьнан бахьанех кхета хала дац, хIунда аьлча вуно чолхе ду Шемара хьал, цигахь „массо а массарна а дуьхьал“ бохучу кепара дIабоьдуш тIом хиларна.
Цкъа мацах Башар Асадана режима дуьхьал гIаттам санна дIаболабелла хилла тIом хенан йохалла доллучу дуьнентIера радикалан исламхой цу махка чугIортар бахьана долуш а, ткъа иштта тайп-тайпанчу пачхьалкхийн къайлахчу сервисаша беш болу тIеIаткъам бахьана долуш а шен юхьенцарчу Iалашонех дIа а хаьдда, дуккхаъчу тобанаша тайп-тайпанчу Iалашонашца беш болу тIом хилла дIахIоьттина.
Ткъа цу Iалашонийн закъалташ, даима тIемашкахь ма-хиллара, машаре нах бу.
Карарчу хенахь немцойн ХIамбург гIалахь вехаш волу шемахойн яздархо Матар Амер шен Даймахкара вада дийзира 20I4 -чу шарахь. Цул хьалха Асадан режимо массийтаза набахтехь валлийна волу иза а ша а вара юхьенца гIаттамхойн декъа. Амма хенаца, маршонехьа болу къийсам цхьа а тIаьхьа ца кхуьучу, ца кхетачу кепе бирзича, мохк битина ара вала сацам бира цуо. Диктаторан режиман дуьхьал гIаттам болабелла шо шен дахарехь уггаре а ирсе шо дара, цу шеран ах дакъа ша набахтехь даьккхинехь а, бохуш дагалуьйцу цуо и хан.
Матар Амер: „Хьалха тхуна дагахь а дацара, Шемара халкъ шена хетарг майра ала а дуьхьар ду, диктатурина дуьхьал резадацаран акцеш ян а хIуттур ду аьлла. Амма и революци йолаелчу хенахь, 2011-чу шарахь, иштта и хан тIекхечира.
Уггаре а ирсе а, хаза а хан яра иза, со цу шарахь дукхахйолу хан набахтехь хиллехь а. Амма цхьа хаза гIан санна дара-кх иза. Нахехь сатийсам бара, керлачу, диктатурех маьршачу махкахь даха. Цхьаьна ехачу ирчачу гIа-набарех исбаьхьа гIан хуьлуш санна хеталора хIетахь.
20II-чу шарахь тхаьш революци йолочу хенахь дера тхуна кхеташ ма-дара, диктатурано гIаттамхошна дуьхьал ницкъ баккха там буйла. Амма тхуна цкъа а дагахь дацара, миллионан деалгIа декъе кхаччал адам дуьйр ду аьлла. Цу тIеман декъа мел болчара, режимана тIера дIабуьйлабелла, детташ даккхий герзанаш ду. Дела денна леш бу нах. БIеннаш эзарнаш я ларйоцуш баъйина, я чевнаш хилла бу. Миллионаш шемахой мухIажарш бевлла, махках бевлла“.
Карарчу хенахь Шемахь долу хьал ма-дарра девзаш, цунах кхеташ шаьш шемахой а бац, я цу хьолана ян ма еза мониторинг еш цхьа а дуьненаюкъара цхьаьнакхетаралла а яц, бохуш дуьйцу яздархочуо. Ур-аталла Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Юкъараллина а ца хаа, Шемахь тIом баьлча дуьйна схьа мас стаг вийна, элира цуо.
Матар Амер: „Тхо, шемахой, тхаьш а дац цигахь лаьттачунна кхоччуш тIаьхьакхуьуш. И диктатура Iедалехь мел ю, кху лаьттахь цхьа а Iедал а, цхьа ницкъ а бацара шемахошна цу режимах маьрша бовла гIо дан кийча. ГIаттаман хьалхара шо дIадаллалца массо а меттехь Шемахь машаре протесташ яра, адамаш шайн бакъонаш къовса арадевллера. Амма цигахь дакъалоцучарех оццул дукха нах баъйинчул тIаьхьа халкъ шена герзаш Iалашдан доладелира.
Шемин эскархойн цхьа дакъа, эскарах дIа а къаьстина, маьрша шемахойн эскар цIе йолу тоба а кхоьллина, халкъан агIор делира, хIунда аьлча царна ца лаьара, режиман агIо а лаьцна, шен къоманна дуьхьал тIом бан. Амма хIинца цигахь йоцуш тоба яц – ал- Къаида а, ДаIиш а, маьрша эскархой а. Ма-дарра аьлча, тхан мохк карарчу хенахь тайп-тайпанчу хийрачу ницкъаша дIалаьцна бу-кх.
Сан ала йиш ю, Шема карарчу хенахь ГIажарийчоьно а, ДаIиша а, шена тIехьа лаьттачу ницкъашца цхьаьна, иштта кхечара а дIалаьцна ю Шема аьлла. ХIинца Асадан режимца тIом хилла Iачуьра дIабаьлла и цигара тIом. Цкъа а тхуна дагахь а доцу инзар хьал а хилла дIахIоьттина цигахь дерг“.
Шемара хьал мел къаьхьа делахь а, мел бен-бен ницкъаша и мохк хьийзош белахь а, амма цхьаьна хIуманна тIехь шеко яц аьлла тешна ву Шемара яздархо а, журналист а Матар Амер- Башар Асад Iедалехь мел ву, цуьнан чалтачаш шайн талорш кхин дIа лелош мел бу – царна дуьхьал къуьйсучура къам соцур дац. Цундела массо а шемахойн баланийн орамехь и къиза Iедал го цунна.