ТIемаш ца совцу Донбассехь

Донбассехь дийнахь-буса хиллачу тIеман кхийссаршкахь велла Украинан ши эскархо, виъ лазийна. И хаам баржийна цигахь лерина операци дIахьочу эскарийн куьйгалхойх волчу Лысенко Андрейс. Цо бахарехь, сепаратисташа герз кхийсарца 20-за сов йохийна тийналла.

Лысенкос тоьшалладо, Оьрсийчоьно Донбассерчу гIаттамхошна кхин а итт танк а елла, «Изварино» олучу дозан ханехула уьш чекхйовлуш а хиина шайна, аьлла. Цо бахарехь, Дебальцево гIаличу тIеман техника а, эскарш а, ягориг а узуш бу сепаратисташ. И ницкъаш Оьрсийчуьра кхочу цига, чIагIдо Киево.