Говзанчаша даре а деш, меттан таронаш йовзарехь, къоман исбаьхьаллин литература когаяхийтарехь, Iаламат йоккха меттиг дIалаьцна гочдарша. Цу декъехь, кхечу къаьмнийн фольклор, ирташ оьрсийн матте яхарехь шуьйра пайдаэцна, масала, Пушкин Александра, Крылов Михаила, Лермонтов Михаила, тIаьхьочарех аьлча, Маршака а, Лазинскийс а, Пастернака а, ишта кхечара а.
Карарчу хенахь гочдаршкахь нохчийн меттан таронаш зуьйш, исбаьхьаллин дешан къайленаш кхиамца йостуш схьавогIучех цхьаъ ву байтанча, меттан говзанча Хатаев Хьусайн.
Гочдарех а, болх ца бойтуш, тосуш болчу ненан маттах а тхойшиннан къамел доладелира хаттарца:
- ХIун ду гочдархочунна коьрта, уггар хьалха цо кхето дезарг? Цо ма-аллара, дешнаш а далош, маьIна гучудаккхар я…?
Хатаев: «Юьхьанца ахь кхето деза цо бохуш дерг. ХIуъа а дина а, цуьнан маьIанна тIаьхьакхиа хьажа веза. Нагахь санна критико цу байтан таллам бина белахь, хьо хьажа веза цо мах муха хадийна, ойла муха хилла. Нахана муха хетта ладогIа деза. Цул тIаьхьа хьайн ойла, юха-юха а ахка а охкий, чIагIйо-кх ахь, хIокху маьIнехь аьлла ду-кх аьлла».
Маршо Радио: Ахь муха къардина хIара могIанаш: «Прощай немытая Россия, Страна рабов, страна господ»? Цхьаболучара шайн гочдаршкахь «боьха Оьрсийчоь» аьлла, кхечо «йиланза» аьлла?
Хатаев: «Цу шиммо а «Iодика йойла» аьлла. И олуш хилча, бен-башха доцуш дош деза цигахь. Ишта дош ду Лермонтовс далийнарг: «Прощай!». Кхин хьох дог лозуш а дац. Цо бохург, «дIаIе хьо йолччехь» бохучу маьIнехь ду. Ахь Iодика йойла аьлча, нохчийн кеп муха ю - «хьан Iар, йисар, дика хуьлда».
Ткъа марша Iойла аьлча, цунна цигахь маршо а ца го, иза водуш ву, цундела и ший а кеп цигахь ца йогIу. «Iодика йойла» а ца йогIу, я «марша Iойла» а ца йогIу. Вайн маттахь «дIаIе» бохург «хьайн хан такхахь» бохучу маьIнехь ду. Хьан дегалазам гучубоккхуш хIума дац «дIаIе» бохург, ткъа вукхунхьа ду. Карон еза и кеп.
Ас тIаккха дахдо иза, вайн ишта кеп ю-кх:
«ДIаIелахь хьайна, хьо, Росси, гIийла,
Я пачхьалкх хьо лайнийн, ва хьоладайн,
Ткъа шу а дIаIе, мундираш сийна,
Ткъа хьо а халкъ, царна тIера дерг, хIай!
Кавказна дехьа, гур йоцуш цкъа хьо,
Лачкъалур вац техьа, хьан баьчча со.
Церан дерг лоцу ирачу бIаьргехь,
Церан дерг хеза семачу лерехь».
Оцу хьалха болх бинчу шинна луьйш вац со. Лер дац коьрта. И гочдан хьовса ма хьевсина уьш! Вуьшта ас бехк буьллург бен цахетар, дог цалазар, цхьа ярхьама йича санна гоч яр ду-кх. И новкъа ду. Лермонтовн цхьа меттиг ю «Еза хьо суна, Кавказ». «Ва, Кавказ» ца боху цо.
Ас цуьнга кхойкхуш санна хIоттийнера: «Еза, хьо суна, Кавказ». ТIаккха и арайоккхучара хIун до, редакторш эр ду-кх вай. «Еза суна Кавказ» до. ТIаккха хьо и еша воьлча, цхьа зIеналг (дешдакъа) тIеоьшуш ю. Ас юха ойлайо, цуьнга кхайкхар а доцуш, муха ерзор яра техьа? Ас кхечу агIор ерзайо иза.
Вайн «ва» юкъадалош Iедал ду, цхьа хIума даздеш, тIетохар деш:
«Кхолламо со шуна тIаьхьарчу хенахь,
Къилбера, хIай лаьмнаш, кхабахь а генахь,
Даима уьш дагахь цкъа гинехь цхьанна,
Даймехкан и мерза мукъамаш санна,
Еза, ва суна, Кавказ!»
Ишта юкъадилийна ас и дешнаш. Амма хIара муха дича бакъхьа дара те аьлла, хаттар-алар а доцуш, шайггара хийцамаш бо. И ду новкъа.
Маршо Радио: Байт гочьечул а цкъацкъа и айхьа язьяр гIоле хеташ меттигаш хила а хуьлий?
Хатаев: «Дера хуьлу. Вайн мотт бацийна мотт бац. Йозанца чахчийна мотт бац. Массо тайпа ойла ахкаме йиллина, ницкъала безам балхийна бац. Цу агIор болх бина боцу дела, хьо гочдаршка ваьлча, керла дешнаш, кхетамаш кхолла безаш киртиг тIехIутту, хьайн наха кхетор а болуш.
Хьоьга уьш ца кхоллалахь, ахь дуьту и гIуллакх «кхунах хIайкал хир дац» олий, дIатосу ахь и болх. Кхузахь яхь хила еза , «валлай, биллай, сайн маттахь алалур ма ду соьга хIара», аьлла. Сан меттан таро а ма ю ишта ала. Цу ойланехь хьо чIагIвелча, хазахетар а,синтем а хуьлу, воккхавер а дуссу дагчу. Хьайн маттах тешаш хила веза. И тешам бацахь къахьега а ца оьшу.
Цхьа ши могIа бу сан маттах:
«Мотт - иза беза тIулг,
таро ерг ага,
цIе иза латийнарг,
къам мел ду, яга».
Ахь цуьнца болх мел бо, и мотт шарлуш, хийцалуш бу, хьо цец а вуьйлуш. Ахь иза хьа мел ца бо, и мотт дIа Iуьллуш бу, чолхе йоьрзу цуьнан амал а, хьуна иза тийсалуш хета. Ой, хIара-м паргIат ма бац аьлла, ойла а хуьлу. Хьо цуьнца болх беш воцу дела хьуна иза хала хетта-кх».