Шайн махкарчу низамаша шайн бакъонаш ларйеш ю аьлла цахета 47 процент Оьрсийчурча бахархошна. Цу тайпа жамI ду Левада-центро бинчу талламан. 2010-чу шеран ГIура-баттахь цу тайпа ойла йолуш болу нах 39 процент а бен бацара. Дукхахболчу респонденташа дийцарехь, низамашлардон системех уьш цатешаран бахьана ду коррупци хилар а, суьдашкахь озабезам а боцуш девнаш къастош цахилар а.
44 процент Левада-центро бинчу талламех дакъалаьцначу нахана хетарехь, Оьрсийчохь дукха нах бу шаьш низамашна къеллахь бац аьлла хеташ. Уьш бу, масала, Iедалан белхахой а, ницкъаллин структурийн белхахой а, хьал долу нах а.