Террорахошна уьйраш яц Куба-пачхьалкхан

Iамеркин президенто Обама Барака дехар дина Конгрессе терроризмана гIортор ечу пачхьалкхашна юкъара Куба дIаяккха аьлла. Кху беттан 14-чу дийнахь Обамас шен Конгрессана хьажийначу къамелехь дIахьедар дира, Кубин коммунистийн Iедалша кху тIаьхьарчу 6 баттахь цхьана а кепара накъосталла цадина дуьненаюкъарчу террорахошна аьлла.

Цо иштта хаам бира, ХIавано дош делла шаьш иза тIейогIучу хенахь а дийр дац аьлла. Цу тайпа дIахьедар дина Iамеркин президенто Обама Барака ша Кубин куьйгалхочуьнца Кастро Раулца цхьаьнакхеттачул тIаьхьа масийтта де даьлча. И цхьаьнакхетар хилира Панамехь Iамеркин пачхьалкхийн саммитан клуарашкахь.

Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Кубин а куьйгалхоша цу тайпа цхьаьнакхетар даза дара 50 сов шо. Iамеркин пачхьалкхан департаменто билгалъяьхначу терроран амал йолчу пачхьалкхашна юкъахь Куба хиларо новкъарло йора цу шина пачхьалкхана дипломатийн юкъаметтигаш юхаметтахIитто.